Мзия Ратиани

Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь


Скачать книгу

Атажуко а. Заманан йохалла цуьнца нийсса и къиссам дIахьош, цуьнан тешаме накъостий хилла схьабогIуш бу уьш. Уьш болчохь Iаш-вехаш а ву иза-м церан тайпанан йуьртахь Кучмазуковохь. Дукха оьрсийшна чIир иэцна цо бохуш дуьйцу наха, амма кхин а цхьаъ лоьхучух тера ду цара.

      – Маржа-йаI хьо, зама! Ишта стеган хила ма йезара шорта тIаьхье. Эхартахь са паргIат дер ду цуьнан доьзалан, шайх чIир иэцний а хууш. Кхин зуда йалор нисделлий цуьнан? – хаьттира сан денанас.

      – Дер ца хилла. Иза ду-кх доьхнарг. Цуьнан гергарчара чIогIа сагатдо иза тIаьхье йоцуш виссарна, амма зуда йало лаам болуш вац иза хетарехь.

      – Бехк бац цаьрга. И санна долу адамаш шайна хилла ца Iаш, дерриге а къомана а пайдехь ма ду. Сихонца зуда йало йеза цара цунна. – холчухIоьттира сан денана.

      Цхьа тамашийна тIеIаткъам бира сан дагна цу къамела. Дукха ойла йира ас цу ца вевзачу къонахчун. Денанас туьйранашкахь бийцинчу турпалхойх тарвелира суна иза. Мила ву и дерриге а нохчийн къоман сел ницкъ болчу мостагIчунна чIир кхайкхинарг а, и чIир иэца аьтто баьлларг а?

      Масех дийнахь хьийзара сан коьртехь цунах йолу ойланаш. Эххар а денене хаьттира ас:

      – Баба, мила ву Мухьаммад-Хьаьжис вийцина Довта-МартантIера и стаг? ХIун хиллера цигахь? Стенна чIир оьцуш ву иза?

      Цу дийнахь хиира суна сайн дахарехь коьрта меттиг дIалоцур йолчу стеган къизачу кхолламах лаьцна.

      – Хьо дуьнен чу а йалале, аьхкенан цхьаьна довхачу дийнахь оьрсийн эскара Довта-Мартанан гуо лецира. – долийра шен къамел сан денанас. – Йаьккхий тоьпаш йетташ, хIаллак йира цара йурт. Божарий аьхкенан белхаш беш, цIахь боций хууш, тешнабехкаца тIелатар динера оьрсийша. Маьхьди а вацара цIахь. ЦIа кхаьчча цунна гира йохийна шен хIусам а, йийна зуда а. Зудчунна букъа тIехьа, набаро товжийча санна Iохкура делла бераш. Ша чевнаш хилла йоллушшехь, бераш тоьлана чохь дIалачкъо аьтто баьллера зудчун, амма уьш хIете а садукъделла деллера, оьрсийша цIенох цIе тассар бахьана долуш. И сурт шен бIаьргашца гиначу Маьхьдис, цу мIаьргонехь дуй биънера шен доьзалах а, хьомечу йуьртах а чIир иэца. Шен дерриге а дахар чIирана дIаделла цо хIетахь дуьйна. ХIинцалц Дала аьтто беш, схьавогIуш а ву иза – элира сан денанас, ша дийцинарг тIечIагIдеш санна.

      Сан кийра цIе латийнера цу дийцаро. ХIетахь хиира суна халкъан чIирхо бохучу дешан маьIна. Суна цкъа а гина вацара и стаг. Суна хаьара иза сан да хила мегар долуш воккха вуй, амма къонахчун амалах хьаьгна долу сан аьрха са, цу стеган сине гIертара. Сино хоржуш хиллера заманан майданахь мила ву шена уллохь оьшург.

      – Зуда стенна ца йалайо цо? – хаьттира ас дегочу озаца.

      – Дош делла ву иза, герзаца йихкина йукъ, шен доьзал хIаллак хиларна бехке волу, тIаьххьара мостагIа вийча бен йостур йац ша аьлла. – ойланашка йахара сан денана. – Зуда а хилла боху цуьнан исбаьхьа хаза. Иза йицлуш а хир йац цунна, амма мел хаза а, жима а зуда хьакъ йу цунна. И санна волчу къонахийн тIаьхье оьшуш хьал ду вайн къомехь.

      Цхьаммо неI тухуш, хадийра сан дененаца