align="center">
Империца дуьхьал Iоттадалар
1237-чу шарахь Къилбаседа Кавказ дIайуьзнера монголех.
Царна тIаьхьа 1350-чу шарахь Къилба Оьрсийчо шайн карайерзийна болчу Тамерланан татараш тIелетира Кавказана. Йа монголийн а, йа татарийн а аьтто ца белира нохчашна тIехь толам баккха. Уьш кхин къар а ца белла мостагIий йухабевлира Теркан а, Соьлжан а йистошкахь Iохку аренаш карайерзорах тоам а хилла.
Нохчаша шайн ницкъ мел тоьу латтийна къиссам толамца чекхбелира, амма Дзурдзухети а, Симсир а ши пачхьалкха тIеман къизалла ца лайна йоьжнера.
Татараш дIабахча, нохчий маьрша бевлира, амма пачхьалкха а йоцуш биссира, ткъа иза йуха кхолла церан йа аьтто а, йа ницкъ а бацара. Iедалан и меттиг дIалецира Мехк-Кхела, цу йукъа богIура нохчийн исс тукхаман векалш. Уьш син-оьздангаллин лехамашца хоржуш бара.
Мехк-Кхелаца къоман йист йоцу ларам хиларна цо къастадора йукъараллин а, иштта политически а мехала хаттарш.
Шайна кхин къар ца беллачу нохчийн латтанаш дита дезна мостагIий дIабахара. Ткъа царна тIаьхьа йиссира йохийна, йаьржийна Нохчийчоь а, иштта эзарнаш церан тIемалойн декъий а. И тIом бахьанехь лаьмнашка дIабахана хилла нохчий, шаьш хьалха бехаш хиллачу латтанашка йухабирзира, шайн дахаран хьелаш йухаметтахIитторехь къа а хьоьгуш.
Керла дахар дара цара кхолла дезаш, латтанаш охуш, даьхний лелош. Шийтта шарал сов, къиссам латтийра аренан мостагIийн ардангаша маьрша нохчий ца къарлуш, амма нохчаша ког биллал а латта ца делира мостагIашна дIа.
Олуш ду, монголаша нохчийн йукъараллин дахарна тIеIаткъам бина бу, къаьсттина динехь, масала, татараша деъна нохчашна бусулба дин. Амма иза бакъ дац. Цкъа делахь, Iадат бусулба динаца ца догIуш а дац, бусулба дин дуьненчу доссале, дуккха а хьалха лаьттина а ду. Бусулба дина нохчий Дела цхьаъ варна тIеберзийна, ткъа син-оьздангалла, цIеналла, гIиллакх церан Iадатаца даима а хилла ду.
Нагахь санна нохчийн шайн исторически а, Iаламан а потенциал буьззинчу барамехь кхочуш йан аьтто хиллехь, цара дуьненна кховдор йора шайн, цхьаннах а тера йоцу кIоргера цивилизаци, амма и аьтто ца хуьлуш, уьш таханенга кхаьчна.
Монголийн а, татарийн а ардангаш Нохчийчуьра дIайахча, Кавказана тIелатарш дира аренца дуьйладелла лелачу тайп-тайпана къаьмнаша – половцаш, пичинегаш, готаш, гунаш, мадьяраш, хазараш, вятичаш а, кхин берш а. Чаккхе йоцучу къиссамаша гIелйина йолчу Нохчийчоьнна цIеххьана коча йеара, Кавказана тIе бIаьрг биллина Iаш йолу Росси.
Билгалдаккха деза татарашка а, монголошка а нохчий къар ца белла. Шийтта шо сов хенахь къиссам латтийра нохчаша хIара ах дуьне шайн карадерзийначу луьрачу мостагIашца. Амма дуьненан дай шаьш хеттарш, нохчийн лаьмнашкара эшамца дIабахара. ХIете а церан аьтто белира Кавказан цхьа долчу латтанашна олалла дан. Церан ког кIелара хIинца бен маьрша йаьлла йоцучу Россин лаам хилира Кавказ карайерзо. ХIетахь дуьххьара Кавказан маьрша лаьттанашна тIамца тIе дуьйладелира дукха хьолахь, Паччахьан Россера бевддачу лешах кхоьллина хилла гIалгIазкхийн эскарш. Цу эскаршна йукъахь бара