Хараев ИбрахIим

ЧIир. Роман


Скачать книгу

санна бертахь йара. Эскарера дIабоьлху дембелаш марзонца, дегайовхонца новкъабехира бухахь биссинчу саьлтийша. Массара а баркалла олура Русланна кхузара хьал низаме далорна. Массара а гулдина ахча, шегара жимма тIе а диллина, Руслана Семенов Сергейга дIаделира. Якутин къомах волу иза Рыжийн йуьртхо вара. Иза йуьстахваьккхина, Русланна цхьанна а ца гуш, цуьнан кисана таIийра ахча:

      – ХIара ахча Рыжийн нене дIалолахь, дика дуй?

      Руслан дIаваха волавелча, якута куьйг лаьцна сацийра.

      – Русик, собар дехьа. Хьоьга цхьаъ дIаала дезаш вара со. Сан да а, деда а шаманаш хилла, ма-дарра аьлча хIума хууш нах хилла уьш. Сан дедас ша лечу хенахь аьллера шен похIма суна дехьадер ду аьлла. Суна иза цкъачуна ишта чIогIа хаалуш дац, амма хIете а гIенаш го суна тамашийна. Рыжийца тхойшиъ цхьаьна эскаре кхойкхучу хенахь, масех бутта балале суна иза велла гIенах гира. Иза дукха хьалха дара, тхо салагаш долчу хенахь. Ас дийцира цуьнга, амма цо иза тергал а ца дира. Ткъа цунах хилларг хьайна гуш ду хьуна.

      – Дика ду, ткъа соьга стенна дуьйцуш ду ахь иза?

      – Кхетий хьо, Русик. Суна хьо а гинера гIенах, верриге а цIийх вуьзна Iуьллуш, йа дийна а, йа велла а воцуш.

      – ДIавалахь кхерамаш ца туьссуш. Массо а мацца делла а, лийр долуш ду вай, хьуна гIенаш ца гича а.

      – ХIан-хIан, Русик. Суна хьо хIинца санна къона волуш гира, саьлтийн духар а долуш тIехь, цхьаьна буьрсачу ломахь Iуьллуш. Доцца аьлча, ларлолахь. – Сергейс къевлина маравоьллира Руслан.

      IV

      Цхьа де санна дIаиккхира нийсса цхьа шо. Керла саьлтий кхечира эскаре. Уьш кийча бара шайна баккхийчара тIехь Iазап латтор хиларна, цундела церан цецдовларан доза дан а дацара, биргIанийн ротехь долу доттагIаллин а, вежараллин а хьал гича. Наггахь цхьацца дар-дацар хуьлуш меттиг нислора, амма Русланан а, Гончаровн а сиха аьтто болура и диканца дIадерзо, амма цхьаьна хиламо хоршара деккхира ротин маьрша дахар.

      Руслан старшина вара хIетахь. Эскарехь йаккха йиссинарг ахшо бен хан йацара цуьнан. Цу дийнахь ротехула ха деш вара иза. Ахбуьйса йаьллачу хенахь цунна хезира хинкIаш йеш воьлхуш цхьаъ. Йуьхьаьнцара шена хетаделла моьттира Русланна, амма корахула цунна гира трансформаторни йолчу агIор дIавоьдучу стеган гIаларт. Руслан ара а ваьлла цунна тIаьхьа вахара.

      НеIан херонехула Русланна гира тховх муш тоссуш волу къона саьлти. Цо лол беш гича, Руслан кхийтира иза ирхоллавала дагахь кечам беш хиларах. Воьлхучура ца соцуш, горвоьжна дегIатIехь моссийтозза жаIаран кеп гайтира цо. Ткъа цул тIаьхьа, соне а вахана, брезента бухара доккха диг схьаийцира цо. Цу мIаьргонехь трансформаторни чоьхьа велира Руслан. Русланна цкъа а гина вацара и кIант. Цунна ца хаьара иза бутт хьалха эскаре веана керла бIаьхо вуй. Абрамов Сергей шен ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цуьнан да а, нана а Москван пачхьалкхан университетан лаккхарчу математикин профессораш дара. Сергей а цу университетехь доьшуш вара, амма ша берхIиттара ваьлча, цо да-нана дуьхьал доллушшехь сацам бира эскаре ваха.

      Шен докъазалла Сергей йоьалгIачу роте кхечира, ткъа цуьнан куьйгаллехь вара лаккхара лейтенант Круглов. Цуьнан