Вахит Хаджимурадов

Чонга иччархо. Туьйранаш


Скачать книгу

дан дезаш хила мегаш а дара-кх. Чонга дикка 1ийнера садо1уш а, ор чуьра хьаладала г1ерташ а. Хан, делкъалат1ех а яьлла, суьйренга г1оьртинера. Эххар а, шен буьртигаца хьаладалар ца хилча, иза а битина, гонаха хьажа дагадеира Чонгина. Чохь 1аьржа елахь а, х1ора 1уьрга хьожуш, масуьйттаза чекхделира зингат, амма кхин харин чуьра арадала меттиг а ца карийра цунна. Цкъа иштта го а баьккхина, к1аддела, пенах букъ та1ийна, охьалахделира зингат. Амма пенан меттанна, пенах долчу 1уьрга чу нисделира и. Лаьтта бухахь лелаш болчу н1аьно даьккхинчуготтачу 1уьрга т1е нисделла хиллера Чонга. Иза аг1ор хьаладоьдуш дара. Цу чухула хьажа хьалахьаьдира самукъадаьлла зингат. Жимма хан яьлча, Чонга лакха т1ехь дара. Юха чухьаьдира зингат, ткъа кхин а жимма хан яьлча, боккха к1ен буьртиг а текхош, гучу делира. Х1инца коьртаниг дара ц1ехьа боьду некъ лахар. Дукха лийлира Чонга туьйлиге боьду некъ ца карош, амма, цхьа хан яьлча, цунна хезира дуккха а зингатийн аьзнаш.

      Уьш бара суьйранна ц1а боьрзуш болу иччархой а, таллархой а. Цкъа дагадеира Чонгина, мохь а аьлла, царна дуьхьала хьада. Амма, эхь хетта, сецира. Цаьрга а ца хоттуш, т1аьхьа ма деънера Чонга царна. Иччархой д1а а бахийтина, царна т1аьхьа г1оьртира иза.

      Чонгин къена дада вара, сарралц шен к1ант ца карийча, сагатделла араваьлла. Амма иччархой а, таллархой а ц1а бирзинера. Жима Чонга дацара цхьанхьа а гуш. Эххар а, туьйлиган кевнаш д1акъовла герга долчу хенахь гучуделира Чонга а. Инзаре боккха к1ан буьртиг бара цо беънарг, массо а зингаташ цецдохуш. Цуьнан къена дада довдан дагахь хиллера, ткъа цунна хари чохь карийначу к1ах дериг хиъча, кхечу иччархоша иза хестош а хезича, шен к1антах дозалла деш, жимма «г1ам-г1им» а дина, сецира дада. Цу дийнахь дуьйна Чонгех бакъдолу иччархо-зингат хилира.

      2005г.

      Бумбарин мотт. Нохчийн къомана дийцар.

      – Доккхачу дуьненахь текхаргийн тоба

      Уггаре коьртинаг хила езаш ю!

      Коьртаниг и малх бац! Коьртаниг – бода!

      Дуьненчохь ас адмийн х1у дойъур ду!

      Адмашна х1оранна, це (церг) тухуш чехка,

      Д1овш тухуш адмашна чекх ер ю со!

      Со – паччахь! Со буьрса ц1оган т1ехь техка!

      Ларлолаш, диэгадеш, адмийн х1у сох! —

      Иштта и кура хабарш, къамелаш дора

      Бос къорзачу лаьхьано, кхерабеш нах.

      Шен д1аьвшан ондда ницкъ лаьхьанна-м гуора,

      Адмашка кхаьчнера т1аьххьара сахьт.

      Шахьарш а йохаеш, йохаеш ярташ,

      Текхаргаш юьйлира д1адетта д1овш!

      Адмашна юккъера д1аяйра марзо,

      Цу адмийн х1у дара д1адаьлла довш.

      – Маржа я1! Сан делара и шуьйра т1емаш,

      Сихонца карор бара цу адмийн бен.

      Ас, текхаш, хан йойъу, ас бо-кха хьемаш,

      Ца кхуьу, сихо еш, даржадан зиэ!

      Со текхна балале, сеттина ца болуш,

      Шина когахь и адмаш сихонца дов.

      Хьажий со цу гена, дитта т1е йоулуш, —

      Бос къорза и текхарг луьйш яра, тов!

      Хьаьвзина