Вахит Хаджимурадов

Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар


Скачать книгу

вайна евзаш йоцу доп-п1уп1-организацехь, шайн организацин езалла гучудоккхуш, гайтаран хьама «конференци» яра еш, ишколехь шайн болх беш болучуьра учаталаш юкъаха а баьхна, схьа а гулбина. Дирехтаро лаккхара омрица деш куьйгалла дара, х1окху доп-п1уп1-организацехь иштта а пхи-ялх бен воцучу белхалошна, т1е хьоькхуш мохь бара: «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац» – шуна массарна а хаийта.

      Х1окху доп-п1уп1-организацехь а хаьара, ишколашна х1инцалерачу заманчохь х1уъу а коча долла мегара дуй. Х1окхара 1амон бисина бара, дешархой 1амон институташкахь кечбина болу учиталаш. Шайна хуъуш цхьа доккха х1ума долуш санна, шина сохьтехь хьехараш-м дира х1окху доп-п1уп1-организацин дирехтаран цхьана: бухгалтерас, кхо-виъ заместителаша, шиъ-ах допобразованин педагогаша а. Дирехтаран-м шен шиъ-ах бен воцучу белхалошна дов дан бен ца хаьара, х1унда аьлча – «т1е мохь ца хьаькхича х1ара 1овдалаш кхеташ ма бац».

      «Шайна делла хьекъал ги а доьллина», бухахьа долчу хьекъалах и д1а ца ийбийта г1ерташ, шайн ишколе ц1ехьа баха арабевлира учиталаш.

      Амма цхьа хьехархо шен г1уллакх доцу дош ала г1оьртира:

      – Хьажийша, допобразованин лерамен белхалой! Аша оцу шина сохьтехь дийцина Интернет чуьра, хьекъален хьехараш, т1едиллараш, шаьш тхоьга кхочушдайта электронни почте чухула схьатосучу ханахь, школе д1акхаьчначу хенахь, и муьлхачу школера белхалочо кхочушдан деза билгала даккхийша, шайн аьтто белахь!

      – Цо х1ун г1ундалг1аш, къухаш дуьйцу! – цецйелара дирехтар ю бохуш ериг. Хьайн истатусе хьаьжа цкъа хьалха! Со бежана 1у ю-м ца моьтту хьуна, иштта соьца къамел дан! Д1айала кхузара! Йало хьайн бежнаш дажаде… аьлча а, хьайн бераш 1амаде, тхо 1амон а ца г1ерташ!

      Дирехтарна мичара хаьара, шен «1овдалаша» эцца Интернет чуьра схьа а даьккхина, ишколан хьехархошна «1амош» дериг, ишколан дирехтаро муьлхачу учиталана коча дуллура ду, кхочуш де, аьлла!

      Хьехархо-м куьйг а ластийна д1айахара.

      Шуьйрачу доп-п1уп1-организацин кет1ахьа латта йисира: 15 эзар зарплата долу бухгалтер а, шен масех милион доьхучу «Лэнд-крузерана» уллохь, буьрса дирехтар а – шен эхь-бехкаца, Далла дуьхьала яхан езаш, цкъа мацца а!

      Розех лаьцна дош, кхин цкъа а.

      Ишколан йоккхачу уьйченахь юккъе а х1оьттина лаьтташ вара цхьа учитал воккха стаг. Оцу хенахь оцу йоккхачу уьйчена горгам хьакха араяьлла яра техничка Роза. Ойланаша лаьцна волу Воккха стаг уьйчена юккъера д1а ца волура, Роза тергал д1а а ца йора. Го тийсина, тийсина, Розас кхин г1уллакх хириг а ца хилла, ластийна Воккхачу стеган когаха боьха горгам т1ехь кхозуш йолу швабра ялийтира:

      – Эх! бехк ма биллалахь, – оьккхийтуш.

      – Х1умма а дац, Роза, аса-м ловр ю хьуна и ахьа тоьхна швабра! – шен ойланийн йийсарера велира Воккха стаг.

      – Деллахьа, т1етухура йолуш Роза а ма ю хьуна, лахь а, ца лахь а! – эккхийтира, йистехьо лаьтташ волчу ишколана икатешника Рамзанас.

      Казбекас ахча д1адалар

      – Со хьайн дирехтор, лара х1унда ца лору ахьа? Т1аьхьа а висина ма веъна хьо балха тахана а! – дов дира ишколан керла х1оттийначу директора Арбетас, завхоз болх беш волчу Казбекана.

      – Ой,