Шима Хамидович Окуев

Чора


Скачать книгу

кIанта ша хIунда веана. Дика хIокхуьнан къамеле ла а доьгIна, цо шен воккхахволчу вешина тIевахийтина хIара. ДIакхаьчча, бухахь верг кхузткъа шо хан хир долуш стаг хилла. Цо хIара шел воккхахволчу вешина тIевахийтина. Цигахь верг шовзткъе итт шо хир долуш гIеметта хIоьттина стаг хилла. ХIокху кIанта шена тIедеанчу гIуллакхе ла а доьгIна, цо аьлла:

      – Жима къонах, сан бIе ткъа шо ду хьуна, сан жимах волчу вешин бIе шо ду хьуна, цул жимах волчун дезткъе итт шо ду хьуна. Амма сан и хан йу эр дацара цхьаммо а. Сан зудчо, дог меттахь латтош, къан ца волуьйту со. Хьайна Деле дика зуда йеха ахь.

      ТIаккха, ваьлла малик долчу а вахана, дIадийцина кIанта ша Деле хIун йоьху. Малико, Далла тIе а дахана, ишт-иштта, дика зуда йоьху цу кIанта аьлла, дIадийцина. ТIаккха Дала аьлла, дика зуда дуьнен чохь шиъ бен йан а йац, цушиннах цхьаъ, нах а баьхкина, тховса маре йоьдуш йу, важа кхиа кхин кхо шо тIаьхьа долуш йу. Цунна йеззарг, айхьа гIо а деш, дIайига цунна. Схьадеанчу малико ма-дарра дIадийцина кIанте и гIуллакх. ТIаккха кIанта аьлла:

      – Тховса и йоI йуьгуш верг сол жима а велахь, хьолана сол тоьлуш а велахь, оцу кхуьуш йолчу йоьIан рицкъа цуьнца дерзаде. Амма, со цул жима а велахь, хьолана цул тоьлуш а велахь, со кхаа шарахь Iен реза ву-кх.

      – Делахь, тховса йоьдуш йерг хьуна йало йеза вайшимма, – малико а аьлла, вахана хIара шиъ.

      ДIакхаьччахь малико аьлла: – ХIан, нах, шу тхоьгара зуда йаккха гIертар нийса ца хета суна!

      ТIаккха массо стаг дуьхьалваьлла, и бакъ ма дац аьлла.

      – Делахь, вайх бакълуьйчеран йуй зуда? – аьлла, хаьттина, бах, малико. «Йу!» – аьлла, бах, вукхара.

      ТIаккха малико: «Везан Дела, тхойша бакълуьйш велахь, хIокху сан Iасанах хурманан дитт а хилийталахь, цу тIе хурманаш а латийталахь», – аьлла, лаьтта охьахIоттийна шен Iаса. Оцу сохьта Iасанах хурманан дитт а хилла, цо заза а даьккхина, цу зазанах стом а хилла.ТIаккха наха, зуда а йелла, дIавахийтина хIара шиъ. Нахана шаьш къайладевлча, малик а дIадахана.

      ЦIа кхача мел вуьйли а, кIант гIеллуш хилла. Цуьнан тидамбинчу йоIа хаьттина: «Хьо гIийла хIунда ву?» – аьлла. «Вайшиннан чудаха меттиг ца хиларна гIайгIанехь ву ша», – аьлла, дIадийцина, бах, кIанта.

      «ХIума, хьаха, дацара иза-м; вайша ду хIуъу далур долуш а, дийр долуш а. ДIа ма-кхеччи, чудаха цхьа тоьла йийр йу вайшимма, цул тIаьхьа дерг хенан карахь ду», – аьлла йоIа.

      «Тоьла-м ша жа дажош лелаш, йаьккхина йолуш йу», – аьлла кIанта.

      ТIаккха, ша цу тоьли чу дIа а йигийтина, шен пIелгара а, лергашкара а дашо хIуманаш схьа а йаьхна, уьш кIанте а йелла, аьлла йоIа: «Со йахча, нахана дийца хIума хир ду, хьуна ваха там бац. Хьайна йевзаш цхьа зуда йелахь, хIорш а йохкийтий, вайшинна, эций, йетт а балош волахьа».

      Вахана, и хIуманаш а йохкийтина, эцна йетт а балош цIа вогIуш волчу хIокху кIантана дуьхьалкхетта газа а йалош вогIу цхьа стаг. «Деллахьа, жима къонах, хьо сол таронна тоьлашха хила мегара, хIара газа хьайна дIа а эций, суна йетт лахьара ахь», – аьлла, дехна цу стага. Йетт цунна дIа а белла, газа а йалош цIа вогIучу кхунна кхин цхьаъ а дуьхьалваьлла: «ХIара шаьлтий, доьхкий дIа а эций, газа суна лахьара ахь» аьлла.