хьо талур йу. Хьо бекхам иэца безаш ма йу, ша со санна, ткъа бекхам бан, чIир эца хуьлу лаам ду хьуна кху дуьнен чохь уггаре а тоьлла молха. Цо кошан бисте вахнарг а йухаверзаво хьуна – барзе адаме санна къамел дора Маьхьдис, ткъа хетарехь иза цунах кхетара…
Маьхьдис лерина лелор бахьана долуш, масех бутт балале тайелира борз, амма цунна хIинца а ца хаьара берзан дагахь дерг – йуха а йист йоцу маршо хоржур йу цо йа Маьхьдин накъост хир йу. Йуха а гулбелира Маьхьдин кертахь ламанхой. Борзак массеран а лерина бIаьра хьоьжура, боккъалла а цхьа мехала сацам тIеэца ша кечйелла йолуш санна.
Маьхьдис йуха а схьадиллира ога.
– Борзак, дIагIо хьайна лаахь. Ас маьрша йуьту хьо! – элира цо йуха а.
Борз меллаша оган чуьра ара а йаьлла, лерина Маьхьдига хьожуш, цуьнан когах муцIар а Iуттуш, охьахиира. Массо а кхийтира – барзо Маьхьди хаьржина. Нохчо шен тешаме доттагIчунна улло охьалахвелира, цуьнан месала корта шен мара а къовлуш:
– Шек ма йала хьо, Борзак! Хийла мостагIчун дог перпош, толлур ду вайшиммо кху лаьмнийн некъаш. Со а ву хьуна хьо санна маьрша! – элира Маьхьдис.
– Маржа нохчий йаI! Ма эрна ца олу шуьх берзалой! – велавелира Атажуко. Берзан а, Маьхьдин а гергарлонан сийна доккха той хIоттийра цу дийнахь гIебартоша.
III
Ши-кхо шо даьлча Борзаках гила борз хилира. Иза боккъалла а тешаме, дика накъост йара Маьхьдин. Хийла мостагIчунна тIелатар динера цу шиммо цхьаьна. Оьрсийн эскархошна йевзинера иза. Маьхьдил а хьалха, уггаре а чIогIа лаьара царна и борз хIаллак йан. Цара-м тоьллачу обаргах санна берзан коьртах мах а хIоттийнера.
Шен йерриге а къоналла, синтем, дегIан а, синан а паргIато дIайеллера Маьхьдис шен йуьртана тIелатар дан омра деш хилла болчу эскархошна чIир эца. Царма байинера хьан де йуьртахой а, хан де моссоа доьзалла а – зуда а, пхиъ бер а. Заманан йохалла уьш массо а карийра цунна. ТIаьххьара виссинера цхьа гIалгIазкхи майор. Маьхьди-м и лохуш Царицынь гIала а кхаьчна хиллера, амма цуьнан талламашца майора-м генахь ца хиллера. Белхан декхара кхиамца кхочуш дина волчу эскархочунна бакъо йеллера Россин Къилбахь – Кубанера станицехь ваха. ХIинца иза тIеман гIуллакхах мокъа вара, цундела майор маьрша а, синтеме а дахарах марзо оьцуш, шен доьзалан гуонехь, паргIат вехаш вара, ша хийла цIий Iенийна долчу Кавказан лаьттахь, амма цхьаьна аьхкенан буса оьрсийн эсrархочун неIсагIе хIоьттира бекхам – Маьхьдина карийнера цуьнан лар. Иза йара нохчочо чIир иэца арабаьккхинчу некъан тIаьххьара гIулч. Вехха хьаьжира Маьхьди стигланан бIаьра. Кхо йуьхьаьрлаьцна Iалашо къобалйеш санна къегина лепара седарчий, ткъа буьйсанан тийналла йохош наг-нагахь хезара Iаламан аьзнаш. Шен тешаме накъосташца цхьаьна Маьхьди гIовгIа йоцуш керта велира. Цу сарахь цуьнца вара шен шича – Нохмарза а.
МостагIчун корехь богура чиркх. КIедачу меттахь паргIатваьлла Iуьллуш вара майор, набарна товжа кийча. Цунна уллохь хьийзара тайначу аматехь зуда, хезаш дара берийн аьзнаш. Цхьа а шатайпалла йацара Маьхьдина гиначу суьртаца – ишта хуьлу доьзалан ирс.