Бенедетти Франческо

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том


Скачать книгу

историн йеса хилла агIонанш йазъйан историкаш буьйлабелча, ма дарра аьлча хIинцалц социализман цIе ца йожо къайладаьккхина мел хилларг Iора даккха буьйлабелча, халкълахь гучубевлира дуьххьара къаьмнийн лехамаш.

      Цу тIаьхьалонех уггаре а чIогIа зен хилларш Прибалтийски республикаш йара – СССР-ехь уггаре а хьал долуш а, уггаре а «малхбузера» а йолу.

      [24] Эстони а, Латви а, Литва а 1940-чу шарахь СССР-ах д1атоьхнера Германина а, СССР-ана а юкъахь хиллачу «Молотовн-Риббентропан» олучу т1е ца латаран пакте хьаьжжина.

      Нохчийчоьхь санна, цу кегийчу мехкашкахь хиллачу пропагандас СССР-ана шайн лаамехь йукъара арадовла мегар хилар даржийра.

      1986-чу шеран гIуранан баттахь Ригехь боккха къоман гулам хилира, иза полицис къиза саца а бира.

      1988-чу шарера 1989 шаре кхаччалц оцу кхаа республикехь граждански боламашах Халкъан фронт кхоьллира, ткъа цо республикаш йозуш ца хилар кхайкхира.

      Итт шо хьалха ишта йолу ойланаш цIий Iанош сацийна хир йара, амма Горбачевна лаьара политика цIинъйан а, и тайпа гIаттамаш магор бахьана долуш, бIе эзарнаш адамаш шегахьа дерзо а.

      Кестта и тайпа хиламаш Прибалтикан дозанера арабевлира. Халкъан фронташ массанхьа а кхоллалуш йара.

      Къоман синхаам йухаметтахIотта болабелчхьана, латтанашца доьзна, шираллера дуьйна къастонза диссина хаттарш а самадевлира къаьмнийн кхетамехь.

      СССР бIе сов субъектах лаьтташ йара, царех цхьайерш шайн башхалла ларъечу кегийчу къаьмнех йуьзна йара. ЦIеххьана самабаьллачу къоман кхетама цIе латийра Нохчийчоьнна ши ког тассал хир йолчу Ламанан Карабахехь. Цу лаьттахь Iаш дукха хьолахь эрмалой бара, амма Карабах Азербайджанна йукъа йогIуш йара. Эрмалойшна а, азербайджанцашна а йукъахь дуьххьара дар-дацар хилира Сталин веллачул тIаьхьа. Горбачев Iедале хIоьттича, эрмалой шаьш керстанаш хиларе терра, кхерабелира, бусулба лулахойн культурни геноцидах.

      Меттигера интеллигенцис а, политикаша а доьхура школашкахь эрмалойн мотт Iаморе а, шайн мотт азербайджански маттаца нийсса пачхьалкхан мотт лараре а.

      Ткъа азербайджанцаша шайн рогIехь и латта шайн хилар тIечIагIдора, и бахьана долуш Ламанан Карабахана автономни статус йала уьш реза а ца хилира.

      1987-чу шарера I989-гIа шо кхаччалц и ши агIо шайн къовссамаш дIахьош йара, ткъа Горбачев уьш барте бало гIертара. Къаьмнаша шаьш реза ца хиларг гайтар гена даьллера, и бахьана долуш дуьххьара маьрша бахархойн кхалха дийзира.

      1988-чу шеран чилланан беттан 20-чохь доккхачу девнан суй летира: эрмалойн тобано хьийзинера Азербайджанера ши йоI. Ши де даьлча, азербайджанаш а, эрмалой а Аскеранна уллохь дуьхьалIиттабелира. Цигахь хилла латарш бахьана долуш, Азербайджанера жима ши кIант вийнера.

      Ткъа кхин а масех де даьлча, азербайджанийн тобанаш тIелетира шайн коьртачу шахьарна Баку гIалина масех чаккхарма геналлехь хир йолчу Сумгаит гIалина. Нийсса кхаа дийнахь цара дукха зенаш дира – цIий Iанош, ницкъ беш. Цара лелийначун жамI хилира вийна ткъе йалх эрмало. Бекарг беттан I-чохь гIала чудеанчу Советски эскаро сацийра цигахь хилла