Молдован Халкъан фронт кхоьллира, цуьнан гIоьнца цара майдане араваьккхинера кхо бIе эзар стаг, шайн мотт пачхьалакхан мотт кхайкхор доьхуш, Сталина йукъайаьккхина хиллачу кириллицин метта латинийн алфавитах пайда эца аьтто хилийтар а доьхуш.
Украинера «Суверенни Рух» цIе йолу болам Украинера къоман килс тIечIагIйар доьхуш бара. Беларусехь гIаттамхоша закона магийна боцу шайн байракх айбира.
Ткъа оцу хенахь къаьмнийн юкъаметтигаш талхар чIагIлуш дара. Вай кхул хьалха йийцина хиллачу Ламанан Карабахана тIаьхье алу тессира кхин а шина регионехь – Абхазехь а, Къилба ХIирехь а. И шиъ Гуьржи махкана йукъайогIуш а йара, Тбилисера марша йала лууш а йара. 1989-чу шеран бекарг баттахь Абхазин коьртачу шахьаран Сухуми гIалин Университетан ректора масех бутт хьалха эстонцаша йовзийтинчух терра суверенитетан Декларацина куьйг йаздира, цуьнца нийсса иза къобалйира политикин а, йукъараллин а дукха векалша.
Амма карарчу хенахь дийцаре деш дерг Советски Союзана юкъара арадовлар дацара, шен суверенитет кхайкхиначу кхечу респуликах къастар дара. 1990-чу шеран товбецан 20-чохь Къилба ХIирис а кхайкхира шен суверенитет, йозуш ца хиларан декларацина зорба а тухуш.
Горбачевс вист ца хуьлуш тIелаьцна Эстонис чухецначу механизма советски республикаш аьтта, царех кегий этнически пачхьалкхаш кхоьллинера. Югослави йоьхначул тIаьхьа цу процессах балканизаци эр ду. Балканашкахь иза ма-хиллара, Гамсахурдиа Звиада куьйгалла деш хиллачу Гуьржи мехкан правительствос гIаттамаш совцо эскар дIахьажийра. ГIуранан беттан 11-чохь Гуьржийн къоман гвардис Къилба ХIире дIалецира, цигахь муьлхха а дIасалеларна новкъарло а йеш.
[32] Гуьржийн баьччас шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIахьедира: хIирийн къам – иза Рокски дукъахула дехьа лалла йезаш йолу нехаш йу. Оха ХIирийчу а дахана, хIирий тхан караберзош, уьш гуьржий хуьлуьйтур бу, ткъа нагахь санна царна ишта чIогIа оьрсий безахь, Гуьржи махкара Россе дIабаха беза уьш.
Нохчийчуьра хьал
Вайна гуш ма хиллара дешан маршоно КПСС-ах тера йолу цхьаьнакхетараллаш кхоллайаларе далийра. Йуьхьанцара гонахара Iалам лардарна тIехьажийна хилла боламаш тIаьхьа къоман амале бирзира.
Маьрша ойланаш партехь ца хилийта, Горбачев цуьнан куьйгалла къонда гIоьртира, меттигера баьччанаш махках бахарна тIе а товш. Нохчийчоьхь кхаж белира йуьртбахаман министр лаьттинчу Завгаев Докун. Иза Iедална муьтIахь гIуллакхо вара. Теркйистера Бено-Юьртара схьаваьлла а вара, ткъа иза хууш ма-хиллара даима оьрсийшкахьа ойла йолуш хилла меттиг йу.
Иза башха чIогIа дош лелаш ца хиллехь а, амма нохчо хилар а тоьар дара, меттигера бахархойн цуьнца ларам хилийта. Завгаев Доку партийна дукха хIуманна декхарийлахь вара. КПСС бахьана долуш, цо колхозера пхьарера республикин коьртачарех цхьаъ йолчу министерствон куьйгалхочун дарже кхаччалц некъ бира.
Иза вуно дика вогIуш вара, нохчий жимма а совцо.
Амма цуьнга а ца хоттуш, иза цу дарже хIоттор къоман кхетам буьрса баккхаран бахьана хилира.
Керла