Вахит Хаджимурадов

Хьехархочун дийцар. Дийцарш


Скачать книгу

къеначу зезаган безаман орамаш.

      Со хьехархойн чоьне д1акхочуш херъеллачу не1арехь хезира суна телефон чухула ондачу завуча шолг1ачу завуче ден къамел:

      – Цо х1ун дуьйцу? Цхьана буса ши шиша къаьркъий! Хьажахьа, т1ехула т1е РОНО-хь болх бина а ву-кх х1ара! Молуш ву аьлла, цигара а эккхийна хир дера ву. Иза-м берашна улло вуьтучохь а ма вац… – со чоьхьа а вьлла юкъах-делира озачу завучан телефонан къамел. – Де дика хуьлда хьан…, – т1етуьйхира цо соьгахьа а йирзина. – Цхьа хаза кинофильм гина шена боху-кх оцу вайн «Заббарис» сийсара НТВт1ехь, – «кхетийра» цо со шен къамелах.

      Хьехархойн чуьра кхо-виъ хьехархо соьга вистхуьлуш, вист ца хуьлуш, д1асавевлира. Чохь йисина къона хьехархо Залина-м соьга голливудан кинофильман турпалхочуьнга санна хьожуш яра. Ас къайлаха б1аьрг та1ийра йо1е, цуьнан сийначу б1аьргашкара елакъажаран серло а яржош чохь. Оза завуч шен «ца дича ца довлу» г1уллакаш дан араелира. Чомехь урокаш ялар-м дуьйцучохь а дацара, де а доьхна даьллера. Дуьххьал д1а х1окху кхоьлинчу дийнахь стигалан кийсак санна лепаш Залинин б1аьргаш бара.

      – Залина, соьга маре ян еза хьо, хьо цхьаъ бен сох саьрмак тарбалаза кху школехь висина стаг а вац, – элира аса йо1аца со висича.

      – Д1авала хьераваьлла хьо. Со-м хьоьга тхайн дега санна хьоьжуш ма ю. Со дукха жима ма ю хьуна, – ша аьллачунна бехказалонна совг1ат санна, хьехархойн чоь малхо санна серлайоккхуш, елакъажар делира суна йо1а.

      – Мегар ду делахь, Залина. Нагахь санна, ког когах кхетта а, шайн дас хьо араяккхахь соьга хаийталахь. Ас сайн т1еэцна йо1 йийр ю хьох, – бегаш бира ас дуьхьал.

      Шолг1ачу дийнахь, ишколехула туьйранаш санна лелаш, схьакъиэдадеш дара: керла хьехархо маре г1уриг хиллал боцчу маьхкаршка дог хоуьйтуш хаавелла; керла хьехархо берийн ц1ийнера кегийчу зудаберех т1еэцна бераш дан г1ерташ ву! Вовшашка и кхаьънаш дохуш хьехархой а, цхьадолу лакхара классера зудабераш а, цхьана к1иранах гергга лийлира.

      Ас х1ора 1уьйрана сатосуш гуобоккхура со 1аш волчу г1ишлона, керла «совг1ат» дуй-техьа керта кхоьссина олий.

      – Салам 1алайкум, хьо х1ун лоьхуш ву кертахь, са а тасале? – йовхарш тухуш вистхилира лулахо.

      – Деллахь, цхьа к1ира хьалха керта деса къаьркъана шиша кхоьссинера суна. Йоьхь1аржонах ларавала г1ертара со-м, – жоп делира ас, салам схьа а оьцуш.

      – Мелла ваьлча, уьйт1а стенна кхуссуш ду ахь иза? Т1ехьа кхосса мегаш дац и? – цецвелира лулахо.

      – Со-м молуш а вац. Цхьамма уьйт1а кхоьссина суна, – лулахо кхето г1оьртира со.

      – Иштта ала ахь, хьо суьдхочунна хьалха лаьтташ велахь а. Со а ву хьуна х1окха чуьрчу г1омо ларт1ахь и мала ца вуьтуш, и шишнаш керт ма-ю хьулдеш лелаш. Хьо суьйрана балхара чувеача, со д1анехьа вер ву хьуна, войшинна цхьа литр ялахь, хьо чувог1уш, – т1едиллира суна лулахочо.

      – Хьайна соьца дов ца дезахь, иштта къамел кхин ма делахь соьга. Со молуш вац. Хьайн ворданан дола айхьа дийр ду ахь, оцу т1ехь вайшинна некъаш цхьаьна ца дог1у, – д1ахьейира ас сайн дог-ойла лулахочуьнга.

      1уьйрана чайнан стака