Вахит Хаджимурадов

Хьехархочун дийцар. Дийцарш


Скачать книгу

бен дацара. Хан теккхина хиларна, бос дикка ца къаьсташ г1овтал а яра лохара т1емаш, х1ара техь 1аш волчу к1айн басахь виран, букът1ехула дехьий, сехьий охкаделла. К1айн вир хоьртала делахь а, цуьнан букът1ехь г1овталан т1емаш к1елахь охкаделла таьлсаш а дацахьара, таьлсаш т1ехула т1екхоьссина цхьана хенахь силга хилла стомма аьхна нуьйран бахьана а дацахьара, ламрочуьнга когаш-м лаьттахь текхаш хира бара, дукха беха болуш. Амма уггаре а боккха бахам г1еметта х1оьттинчу ламарочуьна, оцу хенахь дошлоша лелош хилла, йоца пхоьаза йолу топ яра, гихь кхозуш. Малх-м дика айбеллера базара воьдучу 1андаркъин. Говрахь а дикка гена некъ бара базар х1уттучу юьрта, ткъа вирахь-м и вир к1айн басахь делахь а, генуо яр-кх. Виран болар, амалаш евзаг верг сох дика кхетара ву. Ламарочуьнан вир а дацара шен к1айн басах бен кхин къаьсташ кхечарах. Мел ч1ог1а шена шед, еттарх, шен деха к1айн лерг д1аухьура долуш. Болар хуьйцура долуш дацара х1ара вир а. Вирана дегбаам ца хилийта алан деза, цхьана меттехь хуьйцура уо шен болар – ц1ехьабоьдучу новкъахь. Кхин йолч меттехь вира дехарш дарах, пайда бацара. Ша 1андаркъа а вацара кхин вирал башха сиха а. Базарахь кхин йохка-эцарца бала болуш а вацара х1ара. Дуьххьал д1а базаран юккъехь волалуш ч1ог1а самукъадолуш вар-кх къонах. Базаран де х1ора дийнахь хилча а, к1ордора дацара цунна дийнахь сарралц цу юккъехь лелан. Цуьна юьртахоша-м дикка шай-кай йоккхура, массийта гали хьонка а бохьуш д1абохка. Ткъа х1ара-м вацара ур-аттала п1елг п1елгах д1атоьхна х1ума дийра долуш. Шех терраниг х1усамнана а нисъеллера х1окхунна, кхин «х1ара де вай, иза де вай!» бохш майрачунна ша к1орда ца йойтуш.

      Ц1ог1не з1аькардаьхнийн ц1е йолу юьрта а кхечира ламро цхьана хеннахь, малх цецбоккхуш. К1отарахь-м вацара хаалуш дийна дег1 а, шаберш а базара баханехь а, йа х1ара к1ан вирахь вог1ург гина д1алевч1инехь а. Лакхара юрт а, к1отар а хинна аьру аг1ора хинйисттехь 1уьллуш яра, ткъа базар хуьлу юрт хинна аьтто аг1ора 1уьллура. Цундела ламаро ша к1отарна т1ехваьлла мелла а гена ваьлча, берд лахлучу меттехь хих сехьавалан меттиг йоллучу кхечира. Вир-м ч1ог1а реза дацара оцу балхна. Нийсса некъахула-м г1ийлла шен ког боккхуш схьаг1ертара и, амма хина чухула далар ца дезара дехалергаш долчнна. Масийттаза г1оьртира к1айн виран да шен ма доггах архаш озош вир хи долчу дерзон, амма цунах г1уллакх ца хилира. Вир т1ера воссан дийзира вехачу 1андаркъин. Делахь а, х1ун хала воссан дезара цуьнан, иштта а вара иза г1аш вог1уш санна, когаш х1ора г1орзолах а тийсалуш вог1уш. Мухха делахь а, виран т1ер воьссина юьхь лацан дийзира хих волуш волучунна. Когара мужгийн эткаш а яьхна, хечийн когаш а леккха хьалакарчон дийзира хих волуш. Делахь а хеча дикка лекха яшонза-м ца висира и. гуонаха хьаьжича гуш дийна дег1 а дацара, ткъа т1еда хеча настаршна т1елеташ бала хьоьгура къонахчо. И бахьанехь гуонаха д1аса а хьаьжина сихха яьккхира 1андаркъас шен шуьйра шарбал олу хеча. Шен виран к1айн букъна т1ейоьттинчу 1алг1ожна т1ехула яржош ластийна кхоьссира цо шен т1еда хеча. Цу т1еластаяле хьалха иза-м 1аьвдинехь а дацара х1умма а. ткъа хечех охьа1ийдало т1адамаш-м кегийра татолаш санна