Хьажи олуш хиллачу Сесанара Ташу-Хьаьжин кIентан йоIа Цацас дагахь КъорIан хууш хьафиз ша хиларе терра, дукха жимчохь дуьйна бусулба динаца а, Iаьрбойн маттаца а цкъа а йовр йоцу уьйр кхоьллина хилла шен кIентан. КхоалгIачу томехь хуур ду вайна го обарган новкъа вала Кутина и некъ баьккхинарг хиллий Кутин да – Маьхьди, ткъа цо халкъана чIир оьцуш, йукъ йехкаран бахьана доьзна ду оьрсийн а, нохчийн бIешерашца лаьттачу мостагIаллица, бIешеран йохаллехь империс нохчийн къомана тIехь латтош хиллачу къизаллица, уьш охьатаIо, къарба цо лелош мел хиллачунца. Кхузахь вайна йуха а го мел доккха маьIна ду адамалла бохучу дешан, хIунда аьлча адамаллин цхьаьна а кепара дозанаш дац. Лаккхара адамалла, син-оьздангалла йолчу йаьхь йолу нах кхолламан майданехь нисбалар бахьана долуш, аьтто болу Кутин Iедалан таIзарах кIелхьарвала.
ХIара дешхьалхе дIайолош, уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, кху книгин коьрта турпалхо нохчийн бакъ волчу къонахчун вастехь доьналла а, майралла а, таханлерачу дийнахь бийца бух а болуш а, тIаьхье а йолуш, тIарикъатан новкъахь а хилла, бусулба динан кIоргера баххаш девзаш, ламаз-марха а долуш, луларчу къаьмнийн меттанаш а хууш, цаьрца доттагIаллин йукъаметтигаш а лелош, нохчийн къоман исторехь йовр йоцу лар йитина стаг хилар. Довта-МартантIера обарг Кутех лаьцна, цхьацца бахьанашца нохчийн йукъараллехь цкъа а шуьйра дуьйцуш хилла дац. Ткъа и бахьанаш вайна ма-хаьара оьрсийн Iедало даима кхуллуш хилла. Нохчийн иэс самадаларан кхерам гуттаренна а хилла оьрсийн Iедалехь.
«Кавказан баххьаш» цIе йолчу кху шатайпа кIоргера жайнахь йешархочунна карор йу Кавказан къаьмнийн а, иштта нохчийн къоман дахарера а хIинцалц шена йевзина йоцу агIонаш. Ратиани Мурмана шен архивашкахь йозанца гулбеш хилла шайн дахар ца кхоош, нийсонан а, диканан а новкъахь лаьтташ хиллачу Кавказан бакъ болчу турпалхойх лаьцна массо а хаамаш. Амма, хала хеташ делахь а, Мурман дуьнен чуьра дIавахана шен йозанашна чакххе йан а, зорба тоха а ца ларош, амма доккха ирс ду Мурманан кхоллараллин некъ ца хадийта, цуьнан йоI Мзия хилар. Иза бахьана долуш, аьтто баьлла вайн тахана, Мурманан архивехь пайда а оьцуш – цуьнан йозанашна тIехь болх бан а, хIара жайна зорбане даккха а.
Кху жайнан тIехь бан беза болх хIинца бина баьлла, амма кестта йешархойн аьтто бер бу йоьалгIа том йовза а. КхоалгIачу томан хIора а агIонехь йешархошна бевзар бу дIаэхначу шерийн исторически хиламаш, маршо а, паргIато а къуьссуш хиллачу турпалхойн майра ойланаш, церан синхаамаш, лехамаш. Со воккхаве кху жайни тIехь мехала дакъа дилла сайн аьтто баларна.
Амма ала догIу – ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.
Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан –