ткъа важа божалина чу даьккхина дара, Кутин говран са ца гатдалийта. Кора йистехь лаьттара тIетиссина кхакханаш а долуш, дечиган маьнги, ткъа цунна улло беа кога тIехь лоха стол. НеIарна дуьхьал лаьттара доккха тIорказ а, масех гIант а. КIеда йолче шен нана охьахаийтира Кутас, цуьнан букъа тIехьа гIайба а буьллуш. НеIсагIехь эхь хеташ лаьттара бераш.
– Хьамид, чоьхьадовла шу а! – кхайкхира берашка Кутас. Дас аьллачух хилла доза доцу хазахетар ца лечкъош, чоьхьавелира Хьамид а, Ремид а, ткъа царна тIаьхье Бакали а. Меллаша чоьхьайаьлла, Цацин когашка охьалахйелира Заза а. Кутина гуш дара шен дагна безначийн йаьххьаш тIехь йолу нуьре серло. Ма чIогIа сагатдина хилла цара кхунна. Кхуьнан сих а, дегIах а хьаьрчира цхьа шатайпа йовхо, шерашца кхо сатийсина хилла синпаргIато. Кху шатайпа сарахь кхийтира Кута ирс бохучу дешан дуьззинчу маьIнах.
– Муха хир дара те сан дахар ас кхин некъ хаьржинехь? Массара а санна дийнахь аренгахь къахьоьгуш, ткъа сарахь доьзалца цхьаьна пхьор дууш, цхьанна а новкъа а воцуш, цхьаьнгара а кхерам а боцуш, буьйсанна мерзачу набарна а тевжаш, Iуьйранна маьлхан зIаьнарша сама а вохуш? Вахалур варий теша со ишта? – цIеххьана ойла кхоллайелира Кутин. Амма обарган дахар кхин дара. Иза бекхаман новкъахь вара. Кхолламо хаьржинера иза бехк боцуш шен къоман Iенийначу цIийх чIир иэца, цундела йухаволийла дацара, деган кIоргенехь мел чIогIа цо паргIатоне сатийсарх а. Эххар а Кутин ойланаш йукъахйохуш, йистхилира Цаца:
– Дийцал хIинца – элира цо Кутин кIенташка. – Хьоьца цхьа къамел дара кхеран. ЧIогIа сатесна бара хIорш хьоьца ишта паргIат хан йаьккха, къаьсттина Хьамид. Делан къинхетамца вайна а кхечи хIара тховса, цундела хатта шайна луург – элира Цацас.
Хьамида эхь хетта корта оллийра. Жимхас боккъалла а сатийсинера деца дагара дийца, амма и мIаьрго тIекхаьчча, кIант воьхнера. Хьамидана Кута да хилла ца Iара – иза Кавказан тоьлла къонаха, Паччахьан эскарна шен цIарца кхерам тоссу турпалхо вара уггаре а хьалха. Шен кIантана гIоьнна йеара Заза.
– Баба, дукха хан йу Хьамид шен дега хатта лууш волу ша цунна улло хила мегар дарий, цо хаьржинчу некъаца ваха мегар дарий?
Кутас доккха са даьккхира:
– Дер Хьамид воккха ма хилла. Суна накъост хуьлу хан а йу цуьнан. Амма цхьа хIума ду. Цкъа делахь кхолламо ша къастор ду цо муьлха некъ харжа беза. Нагахь санна кхолламан жайнахь Дала йаздинехь иза мацца ваьлла а вер ву со санна бекхаман новкъа, цундела зама сихйан ца оьшу. Заманан дой ахь шед йетта ца оьшуш даима а чехка хуьлу хьуна, Хьамид. Иза цкъа а диц ма делахь. ШолгIа делахь, суна кху хIусамехь оьшу сайн метта тешаме гIортор. Де дийне мел долу, со паргIат хуьлу, сайн хIусамехь, сан доьзалах жоп дала боьрша стаг вуйла хууш. – Вехха кIентан бIаьра хьаьжира Кута. – Сан да а, цуьнан да а, доцца аьлча вайн дайша хаьржина бу бекхаман некъ. Цара ца хаьржина дахарехь паргIато а, синтем а, ирс а, цундела сан ши кIант а кийча хила веза, муьлххачу а мIаьргонехь шайн Даймохк а, шайн къоман сий а, шайн дин а ларда мостагIчунна йуьхьдуьхьал хIотта. Болатал чIогIа хила деза шу дегнаш, цу