Зарина Денилбековна Шаухалова

Вдохновение. Русско-Чеченский сборник


Скачать книгу

с души отчаяние страх.

      ***

      Хи ц1ена хуьлуш дац,

      И хьаьъна хиларх.

      Кегийча, и макхлахь,

      Бух ц1ена бац.

      1амал а ц1ена йац,

      Даггара йацахь,

      Дегнашчу хьоьжуш верг,

      Аллах1 бен вац.

      Г1иллакх а г1иллакх дац,

      И сица дацахь.

      Мотт хаза лебарах

      1ехалур дац.

      Цо гуча вокххур ву

      Сирла малх кхетахь,

      Йа шат1ехь йиначух

      Х1усам хир йац.

      ***

      Де-дийне хьайн болар сихдеш,

      Йорт аьцна йоьду хьо зама.

      Йитахьа цхьа жимма сатедеш

      Безаман марзо со иэца.

      Бералла ахь д1а хьо ловзарех 1абале,

      Къоналла ахь хьошу Безам а бовзале.

      Къаналле кхачаво б1аьрг-нег1ар тохале,

      Хьо стенга сихйелла алахьа зама соь.

      1ожалла гуранаш тхан новкъа дуьйг1уш,

      Къизалла хьайн оьхьуш хьо маса хьийзарх.

      Оьмар сайн йахйеш, хьан пусар доцуш,

      Къарцалуш хьо сацо ас ч1аг1о йина.

      ***

      Шеш хестош аьлла дош иэхь-бехк лоруш

      Йоьхь-1аьржа а хуьттуш шайн кортош охкийнарш

      Бисний-те къонахий сан къомах хилларш?

      Мичахь тилладелла те дайх дисна г1иллакхаш?

      ***

      Ирсе йу-кха дахарехь, Хьо вевзинарг,

      Нуьречу б1аьргаш чохь шиэн сурт гинарг.

      Дуьненчохь мел йахарх хир йац и цкъа а,

      Шегарчул йоккхачу йалсамани Да.

      ***

      Серлоне кхийдаш сан Дай цалаьлла,

      Уьш лелла шайн синойн серло ларйеш.

      1аьржачу меттехь ч1урамо санна,

      И серло шайх гойтуш баьхна бу уьш.

      Лелла уьш, шайн Дегнийн не1арш йиллина,

      Цакхуош адмашна кхийдош серло.

      Вохвина хийла, шелвелларг цара,

      Цакхоьруш кхачорна Деган йовхо.

      Боданехь дисина и г1ийла синош,

      Серлоне кхойкхуш уьш тоьшалла деш.

      Лелла бу Нохчийчохь и авлияаш,

      Вайн Делан новкъа, адам нисдеш.

      ***

      Хийла йахь йолу к1ант

      Ахь кийра хуьйдина,

      Массане осал верг

      Хьайн букът1ехь лайна.

      Ма дисса латта хьо

      Къонахийн доь дайна,

      Сий иэхь шайн доьхкинарш

      Хьо хьиэша биссина!

      ***

      Дала елла суна,

      Меттан говзалла,

      Бакъдериг дийцийта,

      Харцо иэшайан.

      Аллах1 реза вар бен,

      Кхин 1алашо йац.

      Пусар аш цадарах

      Со шек йолуш йац.

      Сайна хуург дуьйцуш,

      Кхето г1ерта со.

      Амма кхета луург,

      К1еззиг суна го.

      Кхета луучунна,

      Таро йелла цуо.

      Тоьшаллина шуна,

      Луш совг1атна со.

      Далил гайта бохуш,

      Аш ма хьийзайе

      Кхета лууш волчо,

      Дагца ойлайе.

      1амал ц1ена йелахь,

      Хаам цуо лур бу.

      Са маьрша а далахь,

      Новкъа воккхур ву.

      Аллах1