Зарина Денилбековна Шаухалова

Вдохновение. Русско-Чеченский сборник


Скачать книгу

галваьлла атта олу наха,

      Нагахь ваьллехь некъан йуьстаг1а.

      Ваьлла хила тарлой изам дехьа,

      К1еззиг долчу шен цхьан г1уллакхна)

      Дала шена деллачух бен цхьаннга а

      Доьхур долуш дац вайгара жоп.

      Дукха дийцарх кхеталур вац цхьа а,

      Цо кхетаво кхето велахь хьакъ.

      Цунна луьйш вайх х1орамма а оьцу,

      Цуо летийнехь цуьнан къинош схьа.

      Парг1ато луш воккху нийсачу новкъа,

      Къинхетаме долчу адмаша.

      Вайн Нохчийн къам эладитне Дала,

      Гой шуна мел г1овза кхоьллина?

      Г1ебаташца жим-жима цхьаоьцуш,

      Къин-мохь боькъуш вовшашна г1о дан)

      ***

      Вай вовшиэ цагуш хан-зама йели,

      Дагчуьра безам хьоь шелбелла бели.

      Хетарехь, ца хилла и доггаха бахана,

      Йоьхь- сибат а хьан тахана, дицделла суна.

      Сайн иэсехь мел лехарх, карацадо,

      Къамел а, ахь динарг, Дог хьостуш сан.

      Йа ойла хьоьх йознарг, ийъацало,

      Меттаха боккхуш сан, кийрара ша.

      Мила ву те бехке, къастарна вай,

      Озадеш хадийнарг, кхолламан тай?

      Безамо тиллина хилла-кха т1ай,

      Тешаман г1ортораш х1иттайеш йайн.

      ***

      Ларамза дашца галваьлла,

      Цкъа вохахь хьо г1иллакхах.

      Хетар вац хьо хьалхалера,

      Ши капек хетар бац мах.

      Елалуш со хьайга хьежча,

      Атта со махеталахь.

      Хууш йу Дог- ойла ларйа

      Сайн дег1ан хадаба мах.

      Ойла хьайн ларйан ницкъ бацахь,

      Дег1ал Са аьшна велахь.

      Хьо соьца гергарло лоьхуш,

      Со йолчу маг1ерталахь.

      Даьккхинчуьнан ду зазаг, бохуш,

      Гонаха махьийзалахь.

      Йа даккха хьунар а дацахь,

      Эрна бай махьешалахь.

      ***

      Цхьадолу адамаш хьийза,

      Х1ар мохк шайн долахь тарбелла

      Амалаш гойтуш шайн къиза,

      Паччахь хьо ладуг1уш хила.

      Лелайо къайлах а къулах,

      Харцонаш нах х1иттош холча.

      Ша гуча вера вац моьттуш

      Х1ора а г1аьрта х1онс йаккха.

      Аллах1а кхиэлаха кхоьруш,

      Схьагарехь ца хилла вай.

      Цуьнгара шапа1ат лоьхуш,

      Леллера-кх х1инцалц вай Дай.

      Х1у хилла хаац-кха вайна,

      Дуьне бен гуш х1ума дац.

      Эхь бехк а цу неха дайна,

      Харцонах уьш ларлуш бац.

      Шайн сий а доьхкина лела,

      Уьш соьмах 1ехабелла.

      Дегнаш а ду цера шийла,

      Иман а г1елделла.

      Х1у хир-те кханенах бохуш,

      Тахана аса сагатдо.

      Эрна сайн корта а лазош,

      Конец ознакомительного фрагмента.

      Текст предоставлен ООО «Литрес».

      Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

      Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или