Вахит Хаджимурадов

Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар


Скачать книгу

лепачу к1айн фартукашна юккъехь сан б1аьрго сихонца къастийра Малижийн фартук, цуьнан нийса семса тайниган санна бос сирла месаш. Иза-м массо а шайн тобанера мехкарий санна самукъане, екхна елаелла яра. Суна-м дера моьттура иза, со уллохь ца хилча, ойлане хир ю. И елалуш хилар-м суна дикка новкъа а деънера. Ткъа сан дагна кхин а ч1ог1а вас енъерг-м х1инца а гучудалан дезаш хиллера.

      – Малижа, хьо дага йоьхна са хьаладолуш доллу-кх сан. Хьо мел ч1ог1а хазахета суна. Сан бен кхин цхьанне а хуьлийла дац хьо, оццул ч1ог1а суна езаш хилча. Дала бекхам бийр бу хьуна со ахьа д1ататтахь. Хьан и ши б1аьрг вуьжуш а дуьхьалатуьйсу суна, вижича г1енах а и хьан стигалбасахь б1аьргаш хуьлу со хьоьстуш. Д1а ма тетта сан захло. Делора ю аса хьо ядийна юьгур, хьо хьуо реза а йолуш ца яг1ахь! – ч1ег1ардиган декар-м берийн ловзар дара тхан классера 1умр ц1е йолчу к1анта Малике ден къамелаца дуьстича.

      Хала кхиира со цхьана нехан кет1ахь доллучу стоммачу комар диттана т1ехьаиккхина хьулвалан. Суна-м сайн дахарехь ца гинера иштта жимчу стага йо1аца къамел деш. Иштта аьлча а нийса хира дац иза, суна-м ца гинера цкъа а захло дуьйцуш, бегашенна а. И муха дуьйцу а цхьана тайпа кхетам бацара сан. Амма сан дегбаамах дуьзинчу даго-м хьоьхура суна захло иштта деррехь, оьздангаллан бух боцуш ца дуьйцийла. «Шинне юккъехь иккхина суй, муха боккху нахала, оцу суйнах и сийна ц1е яьлла латтахь а! Сан хьекъал ца кхуьура, оцунна т1ехьа, кхетара новкъа юккъе х1оьттина жа санна ц1ехьахахкабелла бог1у дешархошна юккъе а х1оьттина кхиана йог1учу сарг1ано санна мохьтоьхна муха дуьйцу шинне къайле хилан деза и мерза дешнаш. Йо1ана-м ч1ог1а новкъа хилан деза иштта дешнаш. Малижас-м бехк баккхан беза оцу иэхь дайначу к1антстагах», – ойла хьаьвзира сан ц1ий коьрте хьаьдда богучу коьрте. Амма сайна хезначух цец валан дийзира сан кестта.

      – Ишкола чекхяккха дагахь вац хьо? – шега дуьйцучу къамелах билггал самукъадолуш къежира сан «хьомениг».

      – Ой, ишкола-м чекхйоккхур ю вайшимма. Амма, кхин д1а-м сатохалур долуш дац-кх х1ара сан безамах доьттина дазделла жима дог. Хьуна муха хета и? Цхьа а институташ-минституташ юьцура яц вай.

      – Тракторт1е балха ваг1ан-м ца воллу хьо? – к1елд1ашкахула малхадуьхьала санна к1анте хьаьжира Малижа, т1аккха – шен накъосташка Зараига, Губанига.

      – Ой, вац дера со-м тракторан т1е а, вордана т1е а балха х1уттур волуш. Заочно-о! – йо1 шен къайленах кхетийра 1умарс.

      – Тхан да-м ву трактор т1ехь болх беш. Цунах ца вашар-м дац хьан и? – дегбаам бен кеп х1оттийра Бусана ц1е йолчу т1ехьуо схьаг1ертачу ворх1алг1а классерачу йо1а.

      – Шун да-м, Бусана, тхан ден вешин доттаг1 ма ву. Иза-м цхьа борз ю. Вац дера со-м цунах цавешаш, иза-м шен бежнаш кхобуш дика воллуш ву. Со ву-кх ч1ог1а юрист хилан дог долуш. Т1ехула т1е, со дешна валален шайолу трактораш юккъера д1аевра ю, – шен лулахо-йо1 д1атиэйира 1умарс.

      – 1ума, тракторш юккъера д1аевлича церан метта болх хьан бийр бу ткъа? – хаьттира Бусанас шен дегбаам чекхбаьллий хоийтуш, ша жима йолуш