Вахит Хаджимурадов

Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар


Скачать книгу

долура. Суна кхоьлина хетара х1ара б1аьстенан сирлачу малхо къагийна дуьне а. Ишколана уьйт1ара араволуш аг1онца болчу новкъа аравелира со. Кертайисттехула асфальт биллинчу г1ашлойн некъахула б1арийн диттийн 1индахула д1аволавелира со. Суна-м х1инца хьалха дуьххьара хезича санна иштта ч1ог1а новкъа а дацара 1умарас йо1е дуьйцу мерза дешнаш. Со-м х1инца кхеташ вара сайн иштта йо1е къамел дан кестта аьтту хир боций. Ишколера ваьлчи кхин институте догдог1ийла а дацара, дукха дешаран т1ехь кхиамаш болуш а вацара со, жимма литературах кхетар, езар ца лерича. «Эскарехь ши шо дайъан дезара ду уггар хьалха, т1аккха цхьа корматалла 1амон цхьанхьа дешан деза. Болх бан волавелча а нанна, кегийрачу вежаршна г1одан деза. Сайн х1усама вовшахтуохан хенахь аьтто хир бац», – ойланаш йора аса ц1аьххьана воккха хилча санна. Ойланаша 1ехийна со-м ишколана дикка генаваьлла хиллера. Урокана горгали бекаш а аса тидам ца бира, цундела дикка т1ехьависина чувеира со классе. Сан декъаза ц1окана та1зар дан кечвелла хиллера тахана тхан классан куьйгалхо Иван Архипович а. Со классана чувахан не1аран т1ам лацан бен ца кхиира иза т1ехьа лаьцна ши куьг а долуш ехачу уьйчохь гучуволуш. Со классана чуиккхира, амма суна т1аьххье гучубелира Иван Архиповичан т1ехьахьаькхина сира месаш йолу хан теккхиа болу корта.

      – Кхана нана йоцуш ишколехь ма гайталахь суна хьо, хьан цамгар гена долуш лаьтта, хьуна сихха цхьа дарба ца лахахь! – соьга и кхаъ баьккхина, классехь урок луш волчу хьехархочуьнга бехк ца биллар доьхуш не1арах къевлабелира Иван Архиповичан корта.

      Амма классан куьйгалхочо сайна дина дов дицделира суна Малижин парта йолчу аг1ора со хьаьжича. Йо1ана уллохь, даима а цигахь ша 1ийча санна д1атарвеллера 1умар. Губани со санна урокана т1аьхьайисина аьлла тарделира суна, амма иза 1умаран меттехь Майрбекца 1аш яра.

      – Охьахаа хьайн метте… Ванах, к1ант, хьо-м боккъал а могуш воцуш хилла моьтту суна! – шозлаг1а элира соьга нохчийн меттан хьехархочо Шарип Мадаровичас, со метта ца вог1уш.

      1умар-м хан эрна д1айохийтуш вацара, Малижина улло таь1ина цхьа шабар-шибарш деш вара цуьнга. Шен лерг к1анте оьхьуш леррина ладуг1уш яра Малижа а, наггахь къежаш а хаалора иза. Ткъа соьца-м тахана билггал цхьа дов дара массо а хьехархойн, я со царнна массарна а декхар вара. Со т1оьрмиг чуьра киншка схьаэцна ца вьллера Шерип Мадаровичас соьга хаттар деш. Кестта журналана т1е кхин цхьа шиъ а дуьйжира сан ц1арах.

      Амма суна т1аьххье хаттар деш 1умар а г1аттийра хьехархочо. Цхьа беламе х1ума а аьлла, Шерип Мадарович вела а къажийтина, цхьа т1ехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира 1умарас-м.

      – Шерип Мадарович, ас дика д1а ма йийцира, диъ мукъна а х1оттаде! – бохуш реза а вацара 1умар т1ехула т1е.

      Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.

      «Деллахь сох ма ца ешаш ойла йо хир ю цо. Цо х1унда еш ю хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш 1аш к1ант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м яц х1умма а гучохь а», – ойланаш хьийзара сан коьрте.

      Урок чекхъялар хоийтуш горгали бекарца