Вахит Хаджимурадов

Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар


Скачать книгу

дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.

      – Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, – кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.

      Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.

      – Ненан ваша? – хаьттира цо.

      – Ненан шича, – жимма лахдира аса ненавешин дарж.

      – Ненан шича? – Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.

      – Геннара… – олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.

      Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан яьлча, шен дахарехь, невцалг1а ваг1ча а оццул ницкъа ца хилла волу Вах1ид, мукъаволийтуш, сан т1оьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.

      Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона б1аьргаш дара бехкен. Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан г1ертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.

      Т1аьххьара к1иранаш дара тхан ишколехь дешан дисинарш. Дешаран йистте мел г1оьрти а, басех чухьаьдда вордана санна сиха хьийза йолаелира хенан ч1ургаш. Массо а дешархо вара шайн оценкаш лакхаяхан г1ерташ. Со цхьаъ вара хи чуйоьжна ч1ешалг санна дахаран тулг1енаша шайна ма тов д1ахьош.

      Малижа массо а урокашкахь дика кхеташ, хьекъалца дика ларалуш яра. Дешаран шо чекхдолуш а цхьа а х1ума ца тергалдеш дешарна т1ейирзина хуьлуш йолу иза х1инца ишкола чекхйолуш-м дешар бен кхин х1ума гуш а яцара. 1умар-м накхармоза зезагна санна гуотуьйсуш вара йо1ана, амма к1ант гуонаха хьийзарах х1инца к1езига самукъадолучух тера дара Малижийн. Хьаьжюккъера шад ца бостура йо1а х1инца, к1ант уллохь волуш а. Аса х1инца бен тидам ца бинера, и шад-м дукха хьолехь лаьттара йоь1ан хьаьжюккъехь. К1ант уллохь воцуш а ца бостура цо-м и. Х1унда? Де дене мел дели а 1умар чехавора Малижас. Суна-м х1инца мелла а къахета а доьллера 1умарах. Эххар а вовшен юкъахь кег-мегара девнаш а хаалора цу шиннан. Со х1инца х1ора дийнахь воьдура Сулиман волчу. Сулиман волчу-м со боккъал а воьдура, амма цига д1акхачале Малижин уьйт1а хьоьжуш вехха лаьттара. Цхьана дийнахь со д1авахан туохавелчи, Малижа шайн уьйта елира. Ша санна т1ехь хаза зезагаш долу ц1ахь лелон ч1ог1а цуьнгахь товш коч яра цунна т1ехь. Ишколан духарал дуккха а хьомен хаза а хийтира суна йоь1ан ц1ера духар. «Х1унда дац тхойшиъ х1ордана юккъехь цхьана г1айрена т1ехь 1аш, кхин стагга а воцуш уллохь?» – ойла хьаьвзира сан коьрте. Малижина