Вахит Хаджимурадов

Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар


Скачать книгу

со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу оза:

      – Хьо х1ун деш 1уьллу боьрша цициг санна дийнахь делккъехь вижина! Хьалаг1атта! – сан белш д1асатуьйхира доттаг1чо.

      – Хьажал, аса еъначу фиксаже, вайна мегаш ерг юй? Барх1 кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтовараш» туькнахь, х1ара 14 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар юй вайна иза? – суна т1ехьоьттина хоьттура Турпалханас кхин а, кхин а, со самаваьлла валлалц.

      – Мичхьа ю и? – хаьттира аса, хиллачух ца кхеташ.

      – Х1ара ю-кх, – суна мерк1ела еира Турпалхана фиксаж чохь йолу пакет.

      – И х1ун ю? – хаьттира аса, суна-м самаха а, г1енаха а гуш ерг кхин яра, сан доттаг1 ца кхетара.

      – Самавала, х1ай накъост. Фиксаж ю и аса вайна эцна, – сан хаттарх ца кхийтира Турпалхан.

      – Фиксаж, фиксаж…, – со маьнги т1ехь охьахиира.

      – Хьажал ишттаниг мегаш юй вайна? Ахьа юьйцург ца карий суна, – ша эцна фиксаж ца магарна кхоьруш вара сан доттаг1.

      Мелла делахь а тхоьгахьчул сов бералла дисинера Турпалханехь х1инца а. Ши шо тхол жима велахь а, классехь дика кхеташ а, доьшуш а вара иза, амма бераллех валан х1инца а генуо вар-кх. Со кхин цкъа а хьаьжира цуьнан карахь йолчу пакете.

      – Мегаш ю. 1арби мичхьа ву? – хаьттира аса.

      – Со-м и волчу чу а ца хьаьвзира, и кхузахь хир ву моьттуш, – шен цхьа бехк болуш санна бехказа вуьйлура Турпалхан.

      – Мегар ду. Цо-м новкъаг1ертар бен кхин г1о а ца дора, – элира аса.

      – Хьан ца до г1о? Со ца хилчи шу шиъ ван а вац-кх! – шен девнечу озаца дехьачура гучувелира 1арби самукъне радиотулг1е санна.

      Дегбаам бар, халахетар-м 1арбина х1ун ду а ца хаьара, амма ц1ергахь эчиг санна ц1иэнваллалца къийсавалан карх-м долура цуьнан.

      – Шу шиъ х1ун деш 1аш ву? Суна хаара, со схьа а веъна аса меттахваккхалца шу шиъ наб а кхетта 1ийр вуй! Вала ший а саттий! Вай суьрташ дохуш ца дохуш х1ун деш ду? – чухахкавелира юха а шен ч1ог1ачу озаца 1арби.

      – Х1ан, д1айолий хьуна х1окхуо шен масатоп! – мах хадийра Турпалханас 1арбийн чукхоссаваларан.

      – Арахь 1арж ца елича, вайн кораш дикка д1акъовлар хир дац. Жимма собар дан деза вай, – кхетийра аса доттаг1ий.

      Тхан нанас Казахстанера ц1а ма даьхккина, дукха хьолехь шен куьйга, вовшахтоьхна мискаг1ишло суьрташ дахан леррина чоь йолуш яцара. Со вуьжучу чохь 1аржъелча, коре х1умнаш а тосуш, хьелаш кхуллура оха сурташдахан.

      – Делахь, 1аржъяллалц кет1адовла вай? Арахь хаза йовха суьйре ю вайна, – элира цхьана меттехь 1ен са ца туьйчу 1арбис.

      – Мегар ду делахь. Цкъа чай а мелла довлий вай кет1а? – дийхира аса.

      Тхо кет1адевлла цхьацца дуьйцуш 1аш, ц1аьххьана дагадеира суна, аса селхана кечъйинчу пленкана т1ехь цхьа сурт Малижийнаг хилар. Сайн накъосташа дуьйцург кхин д1а хезаш вацара со. Малх анайисте г1оьртинехь а дукха меллаша чубузуш хетара суна х1инца.

      – Аша жимма кхузахь собар де. Со суьрташ дохун г1ирс кечбан воллу, – аьлла бахьана а х1оттийна со чувахара.

      Сонехь якъаялийта пенах тоьхначу хьостамна т1еоьллина пленка сихонца схьаэцна,