Вахит Хаджимурадов

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)


Скачать книгу

а оцу лайшкахь. Вайн махкахь иштта шийла ца хилахь а, иштта корта байъина стаг д1акхалла де доцуш-м дац и вайн 1а а. Делахь а вайн махкахь х1инца а дукха бисина доглазам болуш, адамаллех буьззина бакъ нохчийн къонахой а. Царех цхьаъ ву дийцаран турпалхо Асланбек а, цо лай бухара воккхий, шен хьаша во, некъан йисттехь 1уьллу Йага.

      Асланбека гихь, текхош, шайн сов ц1а чуьра лохуочу дечиган маьнги т1е кхачийнчу Йагина, г1ан го ша велла! Беламе говза гойту Хьаьлима шен дийцаран и дакъа а. Амма, вай и йоьшуш делакъежаш делахь а, саготта дуьтург ду – вайн синхаамехь Йага наб кхетта бен вацахь а, хууш ду иза ша-шена а, шен уллрчарна а велла ву боккъала а, иза дуьззина адам дац, амма оцу адамах йисина цуьнан харц, вуон аг1о ю.

      Хьаьлимна шен пекъар, дийцаран турпалхо Йага, везаш хиларна, цо-м иза, кхеравой, меттавалаво, вайна шен Йагех къа а хоьтуьйтуш, шена санна.

      Кхузахь а, Йага кхеро, Хьаьлима говза композицин сурт д1анисдеш пайдаоьцу халкъан барта самукъане доцца дийцарх. Йага, вуочу г1ан-набарша хорам бой, хьовзавой дечиган маьнги т1ера чувужу, керчий, маьнги к1елахь пенах мара д1аг1уртий, кхин ваха меттиг боцуш вуьсу иштта 1илла. Кхераваларо самаваьккхинчу Йагина тарло, ша боккъала кошахь ву аьлла. Иза уггаре а ч1ог1а кхийринаг т1екхечи Йагина: малар кийрахь долуш валар! Йагин оцу дог-ойлано а вайна гойту, иза кхеташ хилар, ша къаьркъа муьйлуш ша шен х1аллаквар Дала хьалха а къилахь дуйла цунна хууш хилар а. Делах цуьнан озаваларо а гойту, иза велла д1аваьлла стаг воций а.

      Асланбека шен х1усамненаца, маьнги к1елхьара дуьхьалатийсалушшехь, хала озийна схьаваьккхинчу Йагина гина сурт дахар ч1аг1деш ду. Эзарнаш адмашна х1ора дийнахь гуш, уьш цец ца дуьйлу сурт: чоь, кор-не1, истол, г1ант, маьнга, т1ех1оьттина дийна х1ара санна ши адам. Гуш, буьрса жоьжахатин ц1е а йоцуш, тамехь эсала йовхо луш нохчийн пеша чохь догу дечиг. И ц1енчу дахаран хаза сурт ду, Йага цига юхакхойкхуш санна гуш. Х1ора Хьаьлиман дийцаран баснехь санна жам1 деш нислучу чаккхенехь санна, Йагин оцу чоьнах самукъадаларо цунна дахарх чам карлабаларо гойту Йагин коьртехь мелла а дикчу аг1ор хийцамаш хиллий.

      Мелла а историн аг1онаш гайтина а ца 1аш, оцу тоьшаллийн Йагин г1оьнца, шена хетарг, шен дуьне гар вайна довзуьйту Хьаьлима «Талорхой» ц1е йолчу дийцарехь.

      1993 шераш хала а, декъаза а киртиг яра Россин пачхьалкхехь. И дамар цу хилла яхана яра советан империи, шена т1аьхьа ийзош яра цо, Росси а. Ахдуьне д1алаьцна лаьттачу пачхьалкхан массо маь11ехь карзахбевллера талорхой, зуламхойн тобанаш. Акха капитализм яра шен ира, луьра к1омсарш къерзош пачхьалкхана. Оцу хенахь, суна хууш, 1аламат онда зиэнаш дара Читински областина а, Китай пачхьалкъана дозанехь Аргунь ц1е йолчу дозанан хи техь, Краснокаменск-г1алахь. Сецош ц1ерпошташ, вагонаш яссаеш, шайна г1аролаша дуьхьало йича, и вагонаш ц1е туьйсуш ягош, та1зар латтош бара цигара талорхой. Оццул йоккхачу пачхьалкхехь масане хилла хира ду и санна масалш. Талорхоша лелориг-м берийн ловзар дара. Заводаш, фабрикаш, мехкдаьттан, газан дийнна отраслешан керла дай буьйлуш