Вахит Хаджимурадов

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)


Скачать книгу

аьтто болу х1окху наха, синкъерам бу бохуш оцу юккъехь маьттаза лела адамаш, дуьйцу къамелаш гайтарца. Къоман сийлахь йолу амалш, оьздангаллаш хьоьшу кхуза гулделлачу адамо. Схьахетарехь, иштта кхин генадалахь Нохчийчуьра массо маь11ера кхуза схьагулбеллачу наха, берриге махкахь даржор ду и къам маьттазадоккху долу х1у! Иман даржош йолчу халкъан институтан векалш а хаало йистехьуо назманаш олуш. Йагин аьтто а болу цаьрга хаттар дан. Халкъан оьздангалла яржош хуьлучу синкъерамехь шена цакарийнарг а, лоху Йагас дешначу нахехь. Амма кхуза гулбелла бакхий нах а бу шайн рицкъ кхузахь ду моьттуш, Дала шайна делла. Шайна бег1ийла хеттачу аг1ор дерзадо цара, рицкъа х1ун ю аьлла, олучух шаьш кхетар а. Ц1ера арадаьхначу хенахь шайгара даьккхина, лулара къаьмнаша шайна дерзийна рицкъ а долучух тера ду цхьаболчарна х1инца а дагадог1уш. Уьш бу и рицкъа ц1ера арадаьккхинчу къомана Дала х1инца юхасхьахьажийна моьттуш, шайн дог оцунах 1ехадеш. Милла ца дала а, шайна мелана а олий, оцу адамаша-м зуькаран ч1уг а хьовзайо.

      Х1инцале а шайх дог даьккхина, шайн харц дог-ойла гайтина нах, ц1ерпошт генна 1аьхаш хезча кхин а ирча беламан суьртаца гойту авторо. Чуетташ яккхий тоьпаш елахь а, юкъахдоккхуш доцу ламаз санна, деза лоруш долу зуькар деш берш, цхьамма омра дича санна, совцу. Уггаре инзаре беламехь ду, оцу Далла г1уллакъдеш болчу баккхийчу наха, ц1ерпошто дохьуш дерг шайна зуькар дарна мелана дохьуш саг1а ларар. И нах-м болчух тера дац ялсамане т1е кхаччалц хьежа шайн зуькарна ял схьаэца.

      Амма оцу т1ехь а авторо гойту кхин а къиза а, беламе суьрташ. Чухецаделлачу адамаша сецначу ц1ерпоштан вагонийн не1арш йоьллу, дог1анаш дохош. Чухьаьддачу адамо когаш к1ел воьжнарг а г1атта ца вуьтуш, хьоьшу, т1е когаш бохуш, т1ехлелха уьш вагонашна чу. Ткъа дамех юьззинчу вагонан мах а къиза хадабо цара: «Ж1аьлеша даарг, деккъа цена дама бен дац кзу чохь-м!»

      Уьш ду-кх ц1ера арабаьхначу хенахь мацалла лайначу нехан бераш!

      Йага а ву хьеребирзинчу наха шен б1аьргаш чохь шайн къиза це латийна, б1аьргах сара кхетча санна, д1асауьдуш. Х1окхунна а, шайн зеделларг долчу накъосташа ма-1аммора, ца деза дама! Мандаринаш! Шекар! Амма репортеран буйнарчу кинокамерина т1еветтало иза. Уьстаг1ий чохь долуш вагон ю аьлла хезча, цига а хьоду Йага. Амма оцу адамашна массарна а дан дог1ург шен Йагина т1ехь до авторо. Вагон чуьра аракхуьссу уьстаг1ий д1асаидош ду адам, Йагас, катухий, биъ ког а лоций, шен гитуху уьстаг1, амма х1окхуо уьстаг1 бу моьттуш ги тоьхнарг и усьтаг1ий лардеш хилла ж1аьла хуьлу. Адмийн юьхь яйъина, ж1аьлин кепе дирзинчу адмана дог1урш шаьш санна ж1аьлеш ду! Оцу адмалла дайна хьийзачу адмашна дог1ург кхин цхьаъ а шен Йагина т1ехь гойту Хьаьлима. Наха шайн дезар дина висинчу вагон чохь шена ижу лаха вулу Йага. К1адех, пхьег1ех а ца вешачу Йагина хаало ц1ерпошт д1айоьдуш. Х1ара чукхоссавала ца кхуьуш ц1ерпошт чехка йолу. Йага х1инца Дег1астанера дозанахь лаьттачу 1едалан белхалошна нийсса кера д1ахьош ву. Ша саннарш алссам хиларна, Къедин-юьртахь сацийначу ц1ерпоштан керара волий, г1аш ц1ехьа лаьмнашка вог1у Йага.

      Дийцар чекхдолуш,