Вахит Хаджимурадов

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)


Скачать книгу

эца ца хаьа. Лайн амалашка бирзина нах бу уьш, уьш цкъа а маьрша бовлуш бац…». Алан деза, нохчий пачхьалкхан дозана юкъа бахначул т1ехьа, дикка хан д1аяьлла, т1аьхьенна т1аьхьенаш а хьалакхиина пачхьалкхан «кийрахь». Амма и пачхьалкх даима а «десте» хилла лаьттина нохчашна. Уьш пачхьалкхан дай хила 1амон дагахь цкъа а ца хилла пачхьалкхан бакъболу дай. Мелхо а уьш х1аллакбеш, т1ехьатуьттуш, церан культура «ен» г1ерташ белхаш бина пачхьалкхо даима а. Нохчий шайн дайн адамийн юкъаметтигех а баьхна хилла, ткъа пачхьалкхана юкъабигича а уьш цу юккъехь 1ен-баха 1амош а ца хилла. 1996 шарахь яккхий къизалаш а ловш, механа доккха ц1ий а луш уьш цхьана пачхьалкхах к1елхьара а бевлла кхин и санна йолу пачхьалкх ян г1оьртича х1ун хийцало. Х1Х б1ешарахь, нагахь санна Шемалан теократически пачхьалкх т1амехь тоьллехь а, нохчаша и сихонца йохор яра. Шайн юкъаметтиг лелон а хуур дара царнна, шаьш бехар а бара цхьа а пачхьалкх а ца еш. Амма х1инцалера нохчий хийцабелла, мел ч1ог1а вай дайн г1иллакхаш лелон г1ертахь а, уьш хийцалуш д1аг1ур ду. Шерипас шен статья т1ехь юьйцуш йолу юьхьшен маршо а нохчочун хийца езар ю пачхьалкхан муьт1ахь йолчу маршонца, пачхьалкхо шена луш йоллучу маршонца.

      Таханлерчу дийнахь вайн къомана хьалха лаьтташ болу хиламаша гойту вайна хийцамаш мел ч1ог1а хилла, вайн тахана Россин дозанахь елахь а, нохчийн пачхьалкх ю. Вай тахана бен ца дуьйладелла оцу пачхьалкхан маршонех кхета а, пачхьалкхехь дуьззина цуьнан дай а хилла даха а. Х1Х б1ешарашкахь нохчийн хилла адамийн юкъаметтигаш г1оле-м хир яра нохчашна, амма вайн таханлера бакъдерг и пачхьалкх ю, пачхьалкхехь даха 1емаш ду вай.

      Минкаилов Эльбрусан «Гуорабожийна сай» ц1е йолчу дийцарах дош.

      Аналитическая статья по рассказу известного чеченского писателя и публициста, главного редактора республиканского литературного журнала «Орга» Минкаилова Эльбруса «Упавший на колени олень».

      «…Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран…» ишттачу дешнашца чекхйоккху Минкаилов Эльбруса дахаран талламан-тидаман цхьа жимма йолу кийсаг, шен дийцар «Гурабожийна сай», «Вайнах» литжурналан 2010 шарахь, №6 т1ехь арадаьлла долу. Амма и дахаран кийсаг ма-хуьллу хабийна, йоцца язъйина ю авторан дийцаран аг1онашна т1ехь, Минкаилов Эльбрус даима а г1урту шен кхолларалехь дош ма-торру доца ала. Х1ара «Гуорабожийна сай» ц1е йолу дийцар а ду хьаьдда доьдучу дахарана юкъара дош хоржуш ка тоьхна схьадаьккхина яздича санна. Эльбруса кест-кестта ша олуш ма-хиллара: «дийцар мелла а юккъе совнах долу басарш ца ийдеш дош доцца олуш яздан деза, делахь а оцу доца яздаро легашка хорам бина садукъдан а ца деза кхуллучу произведенин…» Дийцар ша кхуллучу заманчохь цу т1ехь аьлла дош доца делахь а, 1аламат боккха а, «адаме муха ланлур бу техьа иштта халниг» аьлла хоьтийтуш хала а адамийн дахарехь хилан тарлуш болу (х1унда ца мега ишттачу дахаран некъ, хилам хилла хила а) цхьа некъ бу автора теллинарг. Вайна гайтархьама бийцина бац и некъ, ша теш а волуш, шен дийцаран коьрта турпалхочуьнца