Вахит Хаджимурадов

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)


Скачать книгу

хенахь к1езига дарж лоруш ма дацара. Вай къайла дахийта хьаьвсича а Эминас дуьжийтур дац Шемал маларца эвхьаза ваьлла хилар жима стаг волуш дуьйна, цо адмна мел дохьуш долчу вонах Шемал к1елхьара ваьлла ца хилар а. Делахь а Шемалас санна къаьркъа малар советан 1едал долчу хенахь, бакъ дериг аьлча вайн заманчохь а, къаьсттина Россин юкъараллин дахарехь кхин доккха къа лоруш а дацара. Молуш болучаьрга хьаьжича Шемал масмалик хилан а тарлуш хьал дара, делахь а уггар а вончарех цхьаъ амал-м ю иза, оцу т1ехь вайн ойланаш Эминан ойланашца цхьана йог1уш а ю. Делахь а, Шемалан мел делахь а, даржах х1ума а ду, шен х1усам а ю, къизаллех сийсаш йолу зама т1е ца кхаьчнехьара Шемалан доьзална а, дерриг а вайн къомана а. Халчу замано даима а адмана ч1ог1алла туьйсу, к1еданиг, ледарниг дакъаза а воккху оцу сохьта. Советан замано кечвеш вацара стаг халонаш лан, харцонашца къийса а, оцу къийсамехь толамаш баха а, лай хилан 1амавора. Берзан амалаш йолчу капитализмах-м вайн нехан х1инца а бац кхин баккхийн кхетамаш, кхечу къаьмнашка, Россин регионашка хьаьжича вайн къам х1инца а ша Советан заманахь дехаш ду тарделла 1аш ду. Ткъа Советан пачхьалкх йоьхна д1аяьлча, советски «теплицан» хьелашкахь 1емина долу вайн къам цхьана маь11ера вукху маь11е кхоссалуш тохаделира. Хуьлуш долчух билгал кхеташ к1езига адамаш дара, шаьш х1ун дан деза хуурш кхин а к1езига бара. Къомана хьалха бевллачара а, къоман мостаг1аша а бен шайна пайда оьцуш стаг а вацара оцу хьелашкахь. Дийцаран аг1онашна т1ехь гойтуш йолчу масех митингаша а, цкъа цхьанна т1ехьадовлуш, т1аккха вукхарна т1ехьа х1уьттуш лелачу б1аьрзечу адамаша а гойту мел кийча дац адам ишттачу хиламашна дуьхьала латта, къийса а, шайна оьшуш йолчу меттиге д1аг1орта а, цига кхача-м х1етте а. Масанаш адамаш дакъаза дехира оцу чолхечу хьелаша, масанаш х1аллак а бира, царех цхьаъ Шемал а, цуьнца цхьана Саида а, церан х1усам а. Ишттачу хийцамашна кийча вацара Шемал, цуьнца цхьана дерриг а къам а ца хиллера ишттачу хийцамашца къийса, толам баккха, толам баьккхича а, цунах нийса пайда эца а. Кийча ца хилира Эмин а, цуьнца цхьана вайнехан шайолу интеллигенции а. Эмин Шемал санна дакъаза цаваларан бахьана дахаран хийцамашца и ларавалар дацара, амма и а, вайн интеллигенции а юьстаха латтар дара, къийсамана йистехьа латтар! Интеллигенци къоман нийсонехьа болчу къийсамехь хьалхарчу мог1анашкахь хила езар-кха аьлла хета, къоман уггар а хьекъален долу дакъа ма ду и. Шемал-м г1оьртира къовсамна улло, харцоно и сихонца мерцира, т1аккха вага а вина чим бира цунах. Эмин Шемалах кхаьрдаш санна хетало, цунна атта ду аьлла а хета, геннара хьожуш латта, бакъверг а воцург а билгалваккха, эшнарг бехкеван а, воьжначунна т1е п1елг хьажон а. Оцу хенахьлера интеллигенци ян а яра шен къоман хиламийн «…лаамза хилла теш…», я къомана хьалха яьлла нийса некъ гайта а де доцуш, я къовсаман байракх буйна эцан а стогалла доцуш. Генара кхечу пачхьалкхашкара, уллора вайн пачхьалкхан кхечу регионашкара х1ун хуьлу хьовсар дар-кх цара хаьржинарг «…теш хилар…». «Оппозици» сардамийн дош долчу хенахь, кхин къийсам