Вахит Хаджимурадов

Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках)


Скачать книгу

а яра суверенитет кхайкхош, т1ехьа сиха лергаш та1ийна 1ийна Татарстан-м йийца а ца оьшура. Бакъдерг дийцича, Татарстана шайна йоьхуш йолу бакъонаш, цунна сиха д1а а елира, Нохчийчоьно йоьхуш ерш а яцара кхин дукха, ша к1езига яцахь. Ткъа Нохчийчохь х1унда болабелира т1ом, оцу хаттарна а ду цхьамогг1ара жоьпаш. Царах цхьаъ ду исторически дагалецамаш, генни ларамехь къомана дагайог1уш йолу къизалонаш, (къоман цхьа а бехк боцуш!) Оцунах пайда ийцира «т1еман партийно», нохчий-м бацара и т1ом шайн кхетамехь бан 1алашо йолуш а, Росси церан пачхьалкх хилла яьллера. Россино нагахь санна ницкъала уьш пачхьалкхана юккъера арабаьхнехь а, уьш буха оцу федерацина юкъа баха г1ерташ т1ом бан тарлуш оццула ч1ог1а боьзна бара Россица. Оцуьна бахьана вай т1ехьо дуьйцура ду. Ткъа х1инца Шерипан статьян кхин д1а а йолчу ойланех сайна хетарг ала лаьара суна, мелла а статьян чулацам а буьйцуш, сайн ойланах шу кхетийта.

      Нохчийчоьнан Россица 1оттабаккхамаш а, т1емаш а буьйлабалале хьалха нохчийн хиллачу юкъараллин д1ах1оттаман анализ ю Шерипа кхин д1а шен статья т1ехь еш ериг. Шуьйра хууш долу х1уманаш ду уьш дукхахдерш «Х1етахьлера нохчийн юкъараллин д1ах1оттам дуккха а б1ешерашкара схьабеъна ламасталлин д1ах1оттам бу. Кхузахь дац регулярни эскар, полиции, Бац элий а, лай а. Нохчийн юкъараллин структура чолхе яц. Иза маьршачу нехан юкъаралла ю.» Вайн 1илманчаша-талламхоша а историкаша а дукха дуьйцу нохчийн эзара шерашкахь кхолладелла юкъалалин д1ах1оттаман сурт. Шерипас а олу цунах шена хеташ дериг. Амма суна к1езиг хеза оцу аларшна чекъдаьлла сурт х1оттош олуш долу дош. Масала т1етоха лаьара оцу аларшна сайна хетарг а. Дуьнена г1арабевллачу политикаша, историкаша, философоша 2500 шо сов хенахь дийцар деш ду маьршачу демократически адамийн юкъараллех, марошонах лаьцна. Амма и дийцарш, Шерипас ма баххара, Европан хиламашна т1етевжина ю, уггар коьрта лаьтташ ериг оцу дийцаршкахь пачхьалкх ю. Пачхьалкхан дозанан юккъехь, пачхьалкхан барамехь хьовсарш до оцу проблемана дуьненан 1илманчаша. Нийсо лелош йолу пачхьалкх, «дика паччахь», аьлча а демократически пачхьалкх – и ду коьртаниг оцу дийцаршкахь. Пачхьалкх адмаша шайн дахарехь эзара шарашкахь кхоьллина, ца хилча ца йолуш структура ю боху цара. Европан х1инцалера пачхьалкхаш гойту цхьаболчара бос балош масалаш деш царах. Амма Шерипас шен статья т1ехь, дуьххьара бохург санна, аьлла: нохчаша бина т1ом пачхьалкхана дуьхьала бина бу, оцу тайпанчу адамийн юкъараллин структураца. «Халкъ а, мохк а Россис шен дозанаш чулацар ца хета суна нохчаша Х1Х б1ешарахь оьрсийн эскаршна дуьхьало яран а, ХХ б1ешеран чаккхенехь т1емаш хиларан а бахьанаш… Уьш ца г1овтту, ма-дарра аьлча, пачхьалкх йилла. Уьш пачхьалкхана дуьхьал г1овтту. Пачхьалкхо шайна ницкъ барна, пачхьалкхо шайца лелош йолу харцо лан ца лой г1овтту…» Амма хетало Шерипас а чаккхе йоллуш цунах лаьцна ца алар. Дикачу пачхьалкхо нохчийн латта д1алаьцна хиллехьара, нохчаша и атта т1еоьцур дара алан г1ерташ хетало. Нохчий шайн пачхьалкхан дозана чу лоцучу хенахь Росси шен къам