Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

салтийн белаш а карахь т1ебирзина салташа бердах чувуссийла яьккхира, нийсса т1ег1анаш а еш. Ламанхой ц1аьххьана гучу бовлуш хилахь а, дехьа-сехьахь юьйлина кечйина тоьпаш а йолуш, г1аролаш бара д1ах1иттийна. Оцу белхана т1евиллина волу векъна а волуш, цигаьрка багахь йолчу эпсара омра дира салташна:

      – Сихо йе! Эрна хан ца йойъуш хи схьадададе! Ламанхоша т1елатар деш хилахь сихонца духадерза, г1аролаша мостаг1ашна тоьпаш тухушшехь!

      Хи уллохь хиларх самукъадаьлла, хи эцан дезаш болу салтий, т1ехьаьдира зевне екаш йоьдучу тулг1ешна. Хьалхаваьлла воьду оза, веха салтий хина т1екхоччушехь шегара ведарш улло охьа а кхийсина хина чувелира гоьллалца. Охьатаь1ина канаш юьззина схьаэцна хи мелира цо. Кхин цкъа а сихха канашца эцна хи бете дехьира цо. Амма и хи д1амала ца кхиъира, хина дехьара геннара схьахезира топ йолуш. Канашкара хи д1аса а кхуссуш, кьуьйгаш д1аса а даржош аркъала сиха йог1учу тулг1ешна чу охьавуьйжира салти. Дуьхьало ца еш долу цуьнан дакъа масачу хино сихонца охьатакхийра. Гонаха хи оьцуш бохку салтий, ведарш кхийссина а дуьтуш, хина йисттера д1ахьаьлхира берда йистте. Да воцуш дисина ведарш а тулг1еша т1аьхьа хьажийра хьалха охьавехьначу салтийчунна. Дехьа, сехьа лаьттачу г1аролаша тоьпаш туьйхира цкъа цхьаммо кхуссуш, т1аккха вукхо. Хьуьнхана аг1ора, шаьш стенга хьажон еза ца кхеташ, сихонца кхуьйсура г1аролаша тоьпаш, гуш х1ума-м дацара царнна. Х1инца ламанхой, айбина тарраш а долуш чухахкалур бу моьттуш, шена хи эцар т1едиллинчу эпсара орца доьхуш салтий вахийтира инарлан четаре:

      – Х1инцца т1елатан мегаш бу ламанхой! Яккхий тоьпашца г1о де боху ала, цуьнан леккхара сийлалле, инарле! – мохь олуш омра дира цо салтийчунна. – Мох санна сиха г1олахь! – т1етуьйхира цо, цхьана куьйга хьокха санна топ а лаьцна, д1аиккхина воьдучу салтийчунна т1аьхьа мохь тухуш.

      Хьунна юккъе, хин дехьа б1аьрг а бетташ, салташка-г1аролашна омра дира эпсаро цул т1аьхьа:

      – Тоьпаш юлий, кийчча хилийта, мог1а беш д1ахитта!

      Г1овг1а яьлча, х1ун хилла хьажа схьауьдура бердана т1ера салтий а, эпсарш а.

      – Х1ун хилла! Х1ун хилла? – хоьттура эпсарша шайн накъосте мохь бетташ.

      – И акхарой хина дехьа хьуьнан юккъехь хаъабелла! Уьш чухахкабалан мегаш бу! Цхьаъ салтий вийна цара топ тоьхна!

      – Тоьпаш кечйе! Мог1а беш д1ах1ийтта! – маьхьарий девлира г1онна т1ебаьхкинчу эпсарийн а шайн-шайн салташна дола деш.

      Салтий-м тоьпаш а кечйина д1анийсабеллера сиха, амма ламанхойн лара а яцара хиндехьа хаъалуш. Хи дан бердах биссина хилла салтий а бевлира сихонца берда т1е, шайн буйнара ведарш цхьаболучара охьакхийсинера, бевдда бог1уш. Вукхера-м хьуьнар кхаьчнера ведаршца юхаберза, цхьаберш цхьаъ ведар бен доцуш бара буйнахь.

      Кестта хьуьхь а воьлла схьакхечира инарла а.

      – Х1ун хилла, х1унда? Х1ара х1ун к1ур бу аша г1аттийнарг? Стенгахь бу ламанхой? – зорба тухуш санна охьадохкура цо хаттарш, шена дуьхьала а лелхаш, ша-ша гайта г1ертачу эпсаршка.

      – Цкъачунна хилла доккха х1ума дац, эцца цхьана