Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

дошлой бог1учу аг1ора ерзийна юлан кечъеш бирг1а ц1анъеш бара салтий. Эпсарша т1е мохь олуш а, шайна улло нисвеллачунна тухуш-1уттуш а салтийн мог1а нисйбан г1ерташ бара. Цхьа вуткъа веха, 1аьржачу аматехь, 1аьржа мекхаш а долу эпсар вара яккхийн тоьпаш кечъеш болчу салташна т1евирзина, уьш ма-торру сихбеш ц1ог1а хьоькхуш д1аса уьдуш.

      Тоьпара баьлла х1оъа санна чухецаелла йог1у ламанхойн-дошлойн говраша ницкъала г1овг1а яьккхинера. Цхьаболу салтий боьхна хьийзара, къаьсттина яккхийн тоьпаш юлуш бохкурш. Гена боццуш дошлой а гучубевллера, ченан к1ур айбина йог1ура церан говраш. Яккхийн тоьпаш юьйлина бевлла хаьштигаш т1едахьан кечбеллера салтий, 1аьржа эпсар омра дан куьйг айбина д1ах1оьттинера, цуьнан б1аьрг яккхийн тоьпан х1оънийн оьлана йисттехь цхьана тамашена х1оънах кхеташ. Эпсар-м ца кхийтира и х1оъа боцийла, и ц1аьххьана иккхина д1аяхара, массо а х1оьънийн оьланах сийна ц1е а йоккхуш. Дера иза Зараъин совг1ат дара, шен кхабана чохь цо ломара деъна.

      Болатас мацах хьалха шаьш цхьана т1елатар динчу мостаг1ийн г1опара цхьа ц1естак1удал санна т1ехь хьийзина юткъа бирг1а а йолуш, цхьа яй беънера ц1а. И хиллера шен ц1ахь къаьркъа деш болу яй. Болатас пхьерашка цунах яйтинера мехкадаьтта кхехкош, т1еда молха деш пеш. И т1уьна молха тоьпана чу дотта йиш яцара, амма цунах яьлла ц1е д1аяйъа йиш-м яцара. Т1ехула т1аьрсиган ботт а беш, леррина кечйинчу кхабанашна чохь д1аса лелон атта а дара и т1уьнамолха, эккхар а дара цуьнан ницкъала. Т1еман тасадаларшкахь и герз оьшура дуй хаъара Болатана, Зараъас х1инца гайтира и муха герз ду. Цулла а совнаха, Болатас йо1ана 1амийнера шен инзаре ехачу мажартоьпана т1е турмал ч1аг1ян а. Мел генара хеташ делахь а, цундела дара Зараъас ша йаккхийн тоьпийн х1оънийн оьлана т1ейиллинчу кхабана нийса топ тохар. Иза-м х1инца а яра шен Сирдинна т1ехь хьуьна юккъехь хаъалуш, кхин цкъа а топ кхосса кечам беш яра и. Шозлаг1а кхоьссинчу тоьпо эскаран тоьпан молха т1ехь долчу ворданах цхьана и сийна ц1е тесира. Ворданан гатана тхевна т1е кхоьссина кхаба а яра мехкадаьттах даьккхина т1уьна молха чохь долуш, ткъа цунах яьлла ц1е д1аяйъан йиш ма яц!

      Говраш хаьхкина бог1уш болу дошлошна а гуш лилхина д1аяхара яккхийн тоьпаш а, царнна т1аьххьа и 1аьржа к1ура ирх бохийтуш иккхира тоьпан молха т1ехь йолу ворда а. Гонаха мел хилла салтий а аьтта д1абахийтира, уллохь нийсбелла кхинарш а и сийна ц1е летта хаьштигаш санна богуш бара. Оцу хенахь к1урана юккъехула юьртана чоьхьа тилира Виситин кхо б1е дошло! Церан тарраш дара малхахь бекхаман ц1е хилла лепаш! Дошлойн буйнахь мостаг1ий лохуш хьийзаш, уьш ч1ог1а тера дара сирла леттачу хаьштигех. Везчу Дала шен кхиэл еш яра х1окху юьртахь а, х1окху махкахь а б1ешерашкахь та1азар латтийначу геннара кхуза схьаоьхуш, ц1ий 1еночу мостаг1ашна. Амма ч1ог1а дукха бара-кх хьакхийн хуьрсий санна дебаш болу Делан мостаг1ий! Х1окху махкахь санна дукха бара-кх уьш х1окху юьртахь гулбелла а! Делахь а, х1ораммо шен ира тур массийттаза ц1ийх дузуш юьртах чекх-м лилхира Виситин майра ламанхой. Мостаг1 меттавеъна валале юьртах бевлира уьш, хьуьнхахь къевла а бевлира. Юьртара