Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

Т1уьналла т1екхочура йоцуш топ-молха, ирдина кечдина терс-маймал тур, дарг1ойн шаьлта, ц1елатон мокхаз а, Болатас мехкадаьттанах даьккхина сихадогу молха чу доьттина масех кхаба а. Кхинболу т1емалоша ца лоруш дицдина 1ад, деха-доца пхерчий чохь долу ботт а д1анисйира йо1а Сирдинан букъна т1ехь, нуьйрана уллохь. Дин кечбина, ша кечъелла, оьзда дина а яьлла, халлий бен бергийн тата ца лацалуш, юьртаха елира жима Зараъ.

      Ма-торру хьуьннаха доьттинчу лаьмнашца, арцашна т1ехула, лахъелла, кадечу мохо ядийна хьош йолчу сирачу мархех тера, дукъделла техкаш лаьттачу диттийн баххьашна бухахула маса лахенгахьа охьашершаш яра Зараъин Сирдин. Керла сийна г1а даьллачу диттийн баххьаш дуьззина даьллачу зазийн яйн хазчу хьожаца ийна даьржинера, лаьмнашкахь бен кхин цхьана а меттехь ца хуьлуш долу, ц1ена х1аваъ!

      Рог1енчу лекхачу арце Сирдин хьалаяьлча, диттийн жимма нилхалла йолучохь геннара гора аре. Хьаннаша техкош долу аьрцийн даккъаш сийна аренга охьахьаьддера. Арцашна юккъехула, 1инна чухула инзаре боккха лаьхьа санна хьийзаш, йоккхачу г1овг1анца лахенга хаьддера сирла тулг1е йолу доккха хи. Лайх, шанех дуьззина мархашна юккъехула ирх дахана, стиглах а г1оьртина лаьттачу лаьмнашкара охьахьаьдда дог1ура и хи. Моьттура и маса, сиха, девнен тулг1еш а ю, аренгахь дукха герзах доьттина чудеъначу паччахьан эскарна т1екхача сихделла. Оцу хин йисттехула ширчу некъаца охьайоьдура жима Зараъ шен Сирдинна т1ехь. Х1окхулла хьалха 1уьйрана охьабаханчу Виситин дошлойн говрийн ларанаш а яра хаъалуш, дас 1амийначу йо1ана. Гарехь, Сирдин аьрха хилар бахьана а, говр ша цхьаъ хиларна а мелла а, хьалха д1абаханчарна герга г1оьртинера йо1.

      Буьйсана Виситеран б1аьхойн тоба мелла а делахь а, садо1ан дезаш яра. Царнна т1е1оттаялан 1алашо йолуш яцара йо1, цундела цо шен Сирдин а юхаозийра к1езига. И эрна а ца хиллера, буьйса юкъала т1ехъиккхинчу хенахь, йо1ана гена йоцуш хьалха к1уран хьожа кхийтира. Сирдинан бергийн тата хезардоцуш, говрана болар лах а дина, меллаша хьалха охьанехьа яхара Зараъ. Гена боцуш садо1ан д1анийсабеллачу дошлошна ша хаъалур йоцуш улло а яхана, Сирдин сацийра йо1а. Говрана т1ера нуьйра а яьккхина, и яжан д1ахийцира цо. Жимма х1ума кхоллуш пхьор а дина, нуьйра коьрте а йиллина, верта т1е а тесина садо1ан д1анисъелира Зараъ ша а.

      Сатосучу седанца Сирдинас улло а еъна самаяьккхира йо1, и эрна а ца хиллера. Гена доцуш лахахь 1инчохь, лерг ира долчу йо1ана хезира, халла бен ца къаьсташ йолу дуккха а говрийн бергийн тата, т1улгенийн г1овг1ано ч1ог1а г1елдинехь а. Дукха хьиэм ца беш, сиха кечам бина, оцу говрийн бергийн лараца т1аьхьа йолаялийтира йо1а шен Сирдин а. Дукха хан юкъа ца юлуш, хьалаг1аьттира ц1ен малх а, сатосу седана серло ц1аьххьана лахъеш. Яккхий хьаннаш да1аса а тоьттуш, резадоцуш г1овг1ане хьаьдда йоьдучу хин тулг1енаш бахьана дика ца къаьстира хьалха д1аоьхучеран татанаш, аьзнаш, цундела Сирдин а йоьдура ког байбина. Схьахетарехь, аренга д1акхачан ши-кхоъ арц бен ца дисинера. Эххара а хина тулг1енаш хьалха санна ч1ог1а дера йоцуш парг1атъевллера, иза яра, хи аренга дала кечлуш хиларна билгало. Аренца лелан 1емина Сирдин