Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

охьадахийтира, дуьхьала вог1уш, тобана хьалха х1ун-мила ду хьожуш волу шиъ жимха дошлой а гина. Уьш бара Аьрзуй, Лечий бохуш, ч1ог1а каде, маса вуьрх1ийтта-берх1ийтта шераш долуш, кегирхой. Эскарна хьалха бевлла даима а хилан беза иштта хьалхахьажархой. Мостаг1 стенгахь ву, мелла ницкъа болуш а ву баьччина б1аьргаш хуьлий, хоийтура цара.

      Шайна гина мостаг1ийн тоба мел онда елахьа а, баьччина хаам беш Аьрзу даима а хуьлура велакъежина, шена хаза к1айн цергаш а гойтуш. Леча-м оццул къона волушехь, хуьлура даима а хьаьжюккъе шед а беш, ша волучулла а воккха хетийта г1ерташ.

      Жимма хьацартоьхна говраш а сацош дуьхьала кхаьчна ши к1ант воьхна вацахь а, цхьа сингаттам бахьаш-м веънера. Аьрзу а вацара шен самукъне къажар гойтуш.

      – Аша х1ун до, 1адийча санна? Исс корта болуш саьрмак-м ца гина шуна цигахь хьалхахь? – собар кхачадеш хаттар дира Виситас к1енташка.

      Эрна бохура Виситас к1енташка и санна дешнаш. Уьш-м дера бацара, цигахь Виситас буьйцу и исс корта болу саьрмак хиллехь а, боьхна хьаьвзира болуш. Оцу саьрмакан хьаьжюккъера яьккхина ма1а а яхьара йолуш бара и к1ентий-м. Амма х1инца вара и шиъ цхьана х1умано догдохийна.

      – Зударий… цигахь…, – аьлла сецира Аьрзу.

      – Вайна хьалха йолу юрт мостаг1чо йохийна! Цу юьртара бевдда к1елхьарабевлла зударий-мах1ажарш бу гена боцуш х1окху некъа т1ехула схьабог1уш. Уьш ломахь к1елхьара бовлу дагахь бу! – элира доцца, Висита кхетавеш, Лечас, шен хьаьжюьккъера шед а ца бостуш.

      – Мичхьа бу и зударий? Гайтал тхуна! – олуш, шен говра некъат1ехула охьайолаялийтира Виситас.

      – Гена бац! – олуш Аьрзус шен сиха дин хьалха кхоьссира Виситина. Лечас а шен говр д1аэккхийтира Аьрзуна т1аьххьа.

      Кестта дошлошна гира ворданий ч1ургаша т1ехь ларнаш йитинчу некъахула хьалха г1ерташ йолу зударийн, берийн шиъ-кхоъ б1е хир йолуш йоккха тоба. Царех цхьаберш чевнаш йина болучух тера а дара, цхьацца бехчалгашца дихкина ког-куьйг дара церан ц1ех дуьзина. Дуьхьала бог1уш т1емлой гича, зударий некъана йистте дитташна юккъе а бовлуш сецира, сапарг1ат садо1ан. Уьш бевдда к1елхьара бевлла к1адбеллачух тера дара. Шаберш бохург санна бецана т1е охьалахбелира уьш. Хьалха йог1уш хилла куьйг дихкина йолу йоккха стаг Хьава, цунна г1одеш г1ортор хилла йог1уш хилла кхиъна йог1у йо1 а д1анисъелира дитта к1елахь бецана т1ехь. Висита вог1уш лаьтташехь говрара воьссина улло хилира зударшна. Цхьаболчу зударийн б1аьргех хинт1адамаш оьхура, амма церан белхар г1овг1а йоцуш тийна дара. Кегийрачу берийн ц1ог1наш-м дара кхераделла а, мацделла а хьоькхуш.

      Йоккхачу стагна Хьавана улло вахана Виситас хаьттира:

      – Баба, куьйг лозийна ду хьан? Лозий хьан и? Дика д1адихкича х1ун дара техьа?

      – Куьйг-м ца лозура сан, жима стаг, дог лозу-кх, х1ара адамийн бала гуш. Вайга х1ун де боху техьа оцу боьхачу адамаша! Олуш, дуьйцуш х1ума а доцуш, 1уьйрана малх г1оттуш юьртана гуо а бина, яккхий тоьпаш йиттина адам х1аллак ди-кх оцу дела воцучу хьакхарчаша! Ягийна д1аяьккхи-кх цара и вайн юрт!

      – Божарий