Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

цунна, стелахьаьштига санна малхехь серло а тухуш, накха кхача а белла лаган шед болучу хир долуш, йо1а ластийна кхоьссина шаьлта яхара мукъ бен гуш а ца буьсуш. Ц1енчу ц1ийн чопаш ара а тухуш д1акерчина цкъа-шозза когаш хьокхуш тоха а велла д1асецира салти. Амма чухьаьддарг-м говрана хьалхара когийн болата т1ехь ленаш долчу бергашна т1е1оттавелира! Топ цхьана аг1ора а южуш, ша аркъала д1акерчира онда салтий. Говра улло а яхийтина лохачу салтийчуьна са эцна йолу шаьлта, говрана т1ера ца юссуш, чукхевдина схьа а яьккхина, цуьнан къорза барзакъах хьаькхина ц1ийх ц1ан а еш шен батта йиллира йо1а. Зараъин хьаьжаюккъера шад-м ца баьллера х1инца а д1а. Говра д1аса а йолаялийтина, кхин цкъа а охьакхевдина кара ийцира цо, метта ван г1ерташ, узарш деш 1уьллучу ондачу салтийчуьнан еха топ. «Иштта герз долчу эскарца т1ом муха бан деза шаьлтанашца? Муьлхачу махкахь хаькхарчий санна деба техьа х1ара бакъйолу хьакхарчий!» – ойланаш йора йо1а, цкъа тоьпе хьожуш, т1аккха хьаьрсачу салтийчуьнга хьожуш. Оцу хенахь шен горга хьаькхийн хуьрсийн санна болу ши б1аьрг схьабиллира узарш а деш салтийчо. Уьш-м ца биллинехь а х1умма а дацара! Буйнахь, буьхьиг лепаш цхьамза болу топ а йолуш, говра т1ехь т1евог1авелла жима стаг ламанхо вара суркуй а тиллина. Амма аьрон куьйга жимачу стага шен хазчу коьртара баьккхира куй. Салтийчуьна горга кегийра ши б1аьрг цецдеъина боккха хилан г1оьртира, амма Дала ца делларг хилан йиш яц-кх! Зараъас месаш бухахь къайлайохуш т1етиллира куй. Йоь1ан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьуьнхахь доьлхуш хиллачу берийн сурт, 1адаяллал ч1ог1а хезира церан аьзнаш… Салтий х1инца а вара цецваларх ца валалуш бухахь 1уьллуш:

      – Георгий! То-о-лам-хо! – дара цунан т1аьххьара дешнаш, шена дог лоцуш хьажийна цхьамза а болуш говрахь дошло шена т1ех1оьттина гуш.

      – Сан ц1е Зараъ ю! Со вац Герги! Амма аса сайн ницкъа ма-кхоччу йойура-м ю шу боьхалаш! – элира ша-шега йо1а, дин т1ехьарачу когашна т1е а х1оттош, д1а а оьккхийтуш.

      Х1инца кхийтира йо1 Сирдина лелош хиллачу кепах. Х1окхарна хьалхахь волу мостаг1 шеначулла а хьалха говрана хаъалойла а кхийтира йо1. Йоьдуш лаьтташехь вортанах куьйг а хьокхуш, хьаьстира цо шен Сирдин:

      – Х1инцачул т1аьхьа аса ахьа бохург дийр ду!

      Цхьажимма некъаца д1а а яхана, ког тасалуш санна хилла, болар лахдира Сирдинас. Хьалха хьажадеш лергаш меттах а даьхна и некъана т1ера юьстаха елира. Х1инца говра хьуьна юккъехула х1ора дитт дагардеш санна йоьдура. Лекхачу таллана диттана к1елахь нисъелча, говра сацийна, тасаелла диттана буьххье елира Зараъ. Шен ден баьччан хилла, озийча яхлуш йолу турмал баттара а яьккхина, гонаха а хьалха а хьаьжира йо1. Некъаца хьала а, охьа а цхьа а т1ехь б1аьрг соцуш х1ума ца гира йо1ана. Х1инца хьалха цуьнан шина сатлийчунна т1е1оттаялар хиллачу меттигера д1а юьрта т1екхаччалца хаъалуш кхерамен х1ума дацара. Амма юьртана чувуллучохь некъана т1еерзийна йиъ йоккха топ яра. Уьш-м яцара кхин хьулъйина къайлаяьккхина а. Г1ароле вахийтинчу шина салтийчух дегайовхо йолуш хилан тарлора