Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

эххар а нохчийн лаьмнашка, дуьххьара ло а кхоьссира. Шелоно делахь а, т1емашкахь дукха хиллачу чевнаша делахь а воккха стаг Болат ц1аьххьана цамогуш хилла вуьйжира метта. Меттахь к1ира даьккхича цкха цхьана суьйрана Зараъица шаьш цхьана дисинчу хенахь, цо йо1е элира:

      – Зараъ, сан йо1, хьо ч1аг1лолахь, хала денош т1екхочуш ду хьуна. Со меттара кхин г1атталура воцуш цамогуш хилла, хьо х1окху нана дуьненчохь цхьаъ йитина д1авахан дезаш ву со кестта. Хьо хьуо юьсура юйла хууш санна, аса цхьацца хьуьнарш-м 1амийнера хьуна, делахь а со ч1ог1а г1алата ваьлла. Х1инца, со к1елависича бен ца кхийти со. И сан бехк бу, суна къинт1ера ялахьа.

      – Ахьа х1ун дуьйцу, дада? Ма кхераехьа со! – б1аьрхи хьаьдира йоь1ан сирачу б1аьргех.

      Йо1 ден куьйг буйна а лаьцна 1аш яра, гонаха хуьлуш дерг г1енаха долуш санна хеташ.

      Уьйт1ахь Сирдин терсаш хийтира воккхачу стагана. Йоь1ан коьртах куьйг а хьокхуш, сихавелира и шен къамел чекхдаккхан:

      – Зараъ, сан йо1, со могуш волуш хьан дахаран ойла ян езаш хиллера ас! Со д1аваьлча, хьан бийр бу хьан амал. Ц1аьххьана, хабар дуьйцуш волуш, цамгаро хьовзийра воккха стаг. Дикка 1ийра и дош ца алалуш, жимма чу садеъча сихвелира и къамел чекхдаккхан. – Виситица цхьана х1усама кхолла еза ахьа. Цуьнга кхочуш суна вевзаш к1ант вац… Маржа я1… ма г1алат дели сох! Зараъ, хезаш юй хьо? Хьо хьадий г1о, аса кхойкху ала Виситига!

      – Дада, Дада! – йо1 лаьттара, ша х1ун дийр ду ца хууш.

      – Сан йо1! Ладог1а соьга! Ма яйъа эрна хан… сихха кхайкха Виситига! – т1аьххьарачу ницкъаца мохь элира Болатас.

      – Со х1инцца… со сихха.., – арахьаьдира йо1, ша х1ун леладо ца кхеташ юха чухьаьдира.

      Мохь ца алалуш, воккхачу стага куьйг ластийра, йо1 сихъеш. Зараъ къевла елира 1аьржачу буьйсанан кийрахь.

      Дикка хан елира оцу меттехь, Зараъ юха гучуйолуш, Висита йо1ал хьалха чуиккхира воккха стаг волучу чу.

      – Ваша! Ваша! – озах ца вохан г1ертара жима стаг…

      – Дада..! – багаг1аттийначохь лаьттара маьнгийна йистехь йо1.

      Куьйг нисдина, ког нийсбина х1инцца набъозийча санна 1уьллура воккха стаг Болат. Дикка хьаьжичий бен кхеташ дацара и садоь1уш ца хилар.

      Байлахь дисина жима ши бер санна юх-юххехь лаьттара воккха стаг т1ехь 1уьллучу маьнгина хьалха Виситий, Зараъий. Уьйт1ана юккъехь, стиглара эгачу даккхийрачу лайн чимашна бухахь, хиллачух кхеташ санна, тийна лаьттара Сирдин а.

      Воккхачу стеган Болатан кошна т1ехь а лаьттара уьш кхоъ иштта вовшен уллохь: йо1, к1анттий жимма т1ехьа, корта олла а бина, Сирдинний.

      Иштта д1адахара шийла 1а а, шийла б1аьсте а, кхин хийцамаш боцуш. Зараъ шен ц1ен чохь ша 1аш яра. Лула-кулара, генара гергара наха доладаран кеп х1оттош, бер-кер доийтура, йо1аца буьйсанаш яхан. Дийнахь-м даима а Висита хуьлура уллохь, Сирдин а.

      Кхин цхьа 1а а дара юккъах т1ехтилла доьдуш. Воккха стаг кхелхина шо сов хан яьллера, эххар а Виситас хаьттира Зараъига:

      – Зараъ, суна схьахетарехь, ваша, ша кхелхачу суьйрана соьга цхьаъ ала воллура. Со ч1ог1а бехке