Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

стаг вуй цуьнан кхузахь? – хаьттира Виситас.

      – Со ю цуьнан нус, Зулай… Иза тхан юьртан эчиган пхьеран йо1 ю… Сецира жима зуда, шен майрачуьна йишин, марден а ц1е яккхан ца лиира цунна.

      Уллохь лаьттачу баккхийрачу зударша т1етуьйхира:

      – Малика ю оцу йоь1ан ц1е…

      – Идалан йо1 ю и.

      Висита юьстаха а кхайкхина Зулайс цхьанна а ца хозийтуш хаъийтира Виситина:

      – Гуьйранна Вахина хан йиллина яра Хаза йо1.

      Висита ца кхетта хетадела т1етуьйхира цо, йистехьуо хьуьна юккъехь лаьтташ волчу т1емлочунна т1е п1елг а хьажош. – Д1о лаьтташ ву иза.

      Х1инца Висита кхийтира, Ваха юьстаха валаран бахьанах. Цхьажимма витина а иза ша вуьтуш лаха охьаволавелира х1ара. Массо меттехь, гобаьккхина а бара чевнаш йина зударий, кхин а инзарениг – бераш! Дехьо лаьтташ болчу шен накъосташна т1евахана дагавелира Висита:

      – Вахин т1ехьийза йоь1ан дакъа ду д1о зударшкахь… Цаьрга и юьрта кхачалур дац…

      – Т1аьхьа кешнашка д1адуллура долуш, х1инца лаьтте далан деза дакъа, – элира х1окхарел воккха волчу Цадас.

      – Мегар ду… делахь, к1ентий, сихо ян деза вай. Шу кхоъ кхузхь висина йо1ана кашна ор даьккхина и д1анийса йина, тхуна т1аьхьа ван деза делахь, – аьлла Цадин кхин шинна т1едиллира Висас и г1улкх.

      Схьагарехь, х1окху адамашна юккъехь чов янза, дагна чов йина-м х1етте а, висина цхьа а стаг вацара, жима а, воккха а. Дог 1овжадинера жимчу стеган, гуш долчу суьрто. Виситас б1аьргашца лехира Ваха. И дитташна юккъехь къевла ваьллачу аг1ора д1аволавелча, цунна гира куьйга пепан диттах г1оьртина, воьхна лаьтташ волу шен накъост:

      – Ваха, Делана вайначулла а алсама езаш хилла Малика… Йирзина меттиг Дала декъала йойла цуьнан! – улло вахана жима стаг маракъевлира цо.

      – Дела реза хуьлда хьуна, Висита, – догэцарна баркаллица белшна т1е куьйг а тухуш жоп делира Вахас.

      – Х1инца вай мостаг1чуьнга доьхура ду жоп! Сихлолахь, Ваха! – олуш шен говра йолчу аг1ора д1аволавелира Висита.

      – Доьхура ду! – ша-шега олуш, церг хьакхийра Вахас, шен говрана т1е а хьодуш.

      – К1ентий! Говрашка ховша! Оцу делан мостаг1ашна т1екхочур вай! – мохь элира Виситас говра а волуш.

      Говрийн бергаша х1инца декадора латта! Геннахь а хезира долуш, бог1уш бериг б1о буйла. Гонахара хьаннаша и г1овг1а дуккхаза а алсама йоккхуш генна хьалха д1ахьош яра.

      Шена хьалха д1аоьхуш болу дошлой севцина а хаъабелла, Зараъ динара а йоьссина тебина улло г1оьртира царнна. Диттийн дуькъа г1аьнашна, коьллашна юккъехь хьулъелла 1ийра и дикка хьоьжуш а, ладуг1уш а. Болатас жима йолуш дуьйна дика 1амийнера йо1, и теббина гуттар а улло еънера т1емлошна а, мух1ажаршна а. Цара олуш долу х1ора дош а хезира цунна, доь1уш са а т1ехь хезира. Кестта йо1 кхийтира, т1емлой т1ебоьлхуш йолчу юьртахь боккха бохам хилла хиларах. Иза кхин хьиэм ца беш, цхьа г1а а меттах ца доккхуш, текхина йистаха а яьлла, тешамен доттаг1 санна шега хьоьжуш лаьттачу Сирдинна т1ейеира. Шена х1инца гинчу зударийн миска яххьаш яра йоь1ан б1аьргашна хьалха лаьтташ, кхераделлачу