Вахит Хаджимурадов

Болатан Зараъ. Повесть


Скачать книгу

хаза зезагаш дара алух хьерчаш, к1егалеш а хуьлуш оьгуш, ша и сийна буц а санна. Оцу шайна жоьжаг1ате хиллачу юьртах бовлан сихбеллера цхьаболу уггаре а ч1ог1а кхерабелла салтий. Иза уггарен а г1олехьа ч1аг1о ю массарел а аьлла тарделлачу инарлас а йира ч1аг1о: эскар юьртаха даккхан! Салташа хьоькхучу маьхьаршна дечу узаршна, ц1аро яьккхинчу г1овг1ано, баьккхинчу к1уро а ца кхоьтийтура: и ламанхой х1инца а юьртахь салташна т1елеташ бу, я кхин а т1елатарна кечам беш бу. Цундела мохь бетташ гулбан г1ертара и шена уллохь эпсарш:

      – Арадаккха эскар юьртара! Арабаха салтий, генабаха! – йиш хаьллера цуьнан мохь бетташ, к1уьро садукъдина йовхарш йора цо.

      – Кхочуш дийр ду, хьан лаккхара сийлалла! – олура эпсарша, хурашкан лабина улло куьйг а хьош, нисбелла д1ах1отта а г1уртура цхьаверг.

      Амма салтий-м дукхаха берш шаьш а дукха дика кхочушдеш бара и омра, инарло шайга лерга а веъна аьлча санна.

      – Ва, сан нана! – маьхьарий оьхура цхьаболчу салташка.

      – 1ийса! 1ийса! Орцаха валахьа! – 1ийса пахмаран ц1ераш йохуш, некхийн т1е ала ца кхуьуш, хьаьжна а, ч1енгана юккъе ж1арийн сурт х1иттадора кхечара кхаъа п1елгаца.

      Эзарнаш салтий юьртара а юьртана гонд1ахьара а охьахьаьдира юьртана йисттехула боьдучу некъаца. Кхерабаларна лаьмнаш долчу аг1ора д1ахьаьдда цхьаболу салтий, эпсарша юьхь лоцуш буйнаш а детташ метта балабеш вукху аг1ора хьовсабора, массо а д1ауьдучу аг1ора. Кхин а ламанхоша ц1аьххьана т1елатар деш хилахь а аьлла жимма доьналла долчу салтех эскарна гуонаха г1аролаш-ч1аг1онаш х1иттайора эпсарша. Инарла хьалха ваьлла вара салташна, эскарна эрна арахь гонаха хьун йоцуш меттиг лоьхура цо. Иштта меттиг бара дикка генахь хина йисттехь: цхьана аг1ора лекха берд а болуш, вукху аг1ора шера майда, хьунна генахьуо. Оцу меттехь сацийра инарлас шен эскар. Т1ебог1ун салтий а ворданаш а якхийн тоьпаш а д1анисъеш шайн гуо ч1аг1 беш, меттабог1уш бара салтий а. Эпсарш а бара б1аьргах сараг кхетча санна хьийзаш, цкъа хьалха бовдуш, т1аккха т1аьхьабисиначаьрга хьовсуш. Цхьаберш говрашна т1ехь а бара. Кестта го а лаьцна ч1аг1о а йина д1анисделира эскарш. Дукха хьолехь лайш санна лелош болу салтий, мостаг1ехчулла а ч1ог1а шайн эпсарех уьш кхоьруш хилар дара. Ткъе пхеъа шарахь салтий а вина лелош волчу стагах, лай ца хуьлийла а дацара эпсарна йиттина вен а магош долу и синпекъар.

      Де суьйренга г1оьртинера, жимма язъеллачу мархашна т1ехьа лечкъара малх кест-кестта.

      Шадериг бохург санна, хьаннийн баххьаш д1алаьцна заза дара дитташна даьлла. Шадолу 1алам дара хаза бос эцна, аьхкенга г1оьртинера б1аьсте. Шаьш йохийна, ягийна эрча яьккхинчу юьртана, к1урана, ц1ерна, стенгахь бу ца хуучу ламанхойн т1емлошна а шаьш генабевлла хеташ сецна го ч1аг1бинера мостаг1ийн эскарша. Лазийнарг лозаран ц1енна улло г1ертара, мацевелларг юуург кечъечу даккхийн бухьахь ц1е латош яйнаш долчу г1ертара. Ч1енгийна т1ег1уртуш еха, хьийзина 1аьржа, юккъехь сира чоьш долуш, лергана т1ера ч1енгана т1е кхаччалца ахмаж а йолуш волу инарла вара, сихха